ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан хьокъехь арахецна паспорташ лур ду Башкирехь


Хабиров Радий
Хабиров Радий

COVID-19 цамгар а лайна, цунна дуьхьалоян таро йолчу а, вакцина шайна тохийтинчу а бахархошна шатайпа паспорташ дала долор ду Башкирехь Чиллан-беттан 5-чу дийнахь дуьйна. Оцу хьокъехь хаам баржийна мехкан куьйгалхочо Хабиров Радийс.

Цо бахарехь, ишта паспорташ юкъадахаро аьтто бийр бу махкахь лела дуккха а дехкарш дIадаха, бахархошна дIасалела аьтто а боккхуш. Масала, изоляцин хьелаш лардеш лела оьшур дац 65 шо сов хан йолчу нехан. Коронавирусах долу паспорташ юкъадахаро нах вакцина ян меттахбохур ду, аьлла хета Хабировна.

Бахархошна цхьацца аьттонаш бечу урхаллин порталехула чудала йиш хир ю нехан шайн паспорташна дркументаш. "Хьашт хилча, бахархойн телефонехула гайта йиш а хир ю шайн паспортийн QR-код", — билгалдаьккхина Хабировс.

Хьалхо Сахалинан губернатора Лимаренко Валерийс а элира, махкахь шатайпа жетонаш дIасайоькъур ю вакцина шайна тохийтинчу наханна.

Оьрсийчохь шуьйрра вакцинаци йолийна COVID-19 цамгарна дуьхьал. Кхушара Оьрсийчоьнан 60% бахархошна уьнна дуьхьал вакцина хуьлуьйтур ю, аьлла Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас.

Ши вакцина ю Оьрсийчохь Iедалан сертификат йолуш таханенна Гамалеин институто арахецна "Спутник V" а, Новосибирскерчу "Вектор" центро кхоьллина "ЭпиВакКорона" а.

XS
SM
MD
LG