ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхеташонан куьйгалхочо а, Байденан хьехамчо а кхайкхам бина, Навальный дIахеца аьлла


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Бакъонашларъярхоша а, кхечу пачхьалкхийн политикан лидерша а кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, кIиранан сарахь Германера Оьрсийчу цIавирзинчул тIаьхьа аэропортехь лаьцна оппозиционер Навальный Алексей дIахеца аьлла, яздо "Радио Свобода" зорбан гIирсо.

Федералан таIзарш кхочушдаран сервсисо (ФСИН) чIагIдарехь, дIовш даьллачул тIаьхьа Германехь дарба лелош волчу Навальныйс бохийна ша зуьйш шена тоьхначу арахь яккха хан такхаран билламаш. Цо дехар дина кхеле арахь яккха тоьхна хан – 3,5 шо, баккъалла а колонехь доккхуьйтуш сацам бар.

ФСИН-ан векалша чIагIдо, иза лаьцна латтор ву, бохуш, кхело сацам баллалц. И сацам бан безаш ю кхел 48 сахьт далале. Бехкаме хенах баккъалла колонехь токху хан ярх лаьцна сацам беш кхелан кхеташо хир ю карарчу, Дечкен-беттан 29-хь.

Навальныйна хаара ша дIалаца мегаш хиларх лаьцна, амма иза юха ца велира Оьрсийчу цIа верза шен йолчу планах. Москвахь аэророртехь журналисташна хьалха вистхуьлуш, цо ша кхоьруш вац элира.

Бакъонашларъйон вовшахтохараллашна хета Навальный хьийзор политикица доьзна ду аьлла. Amnesty International-о дIахьедина, Навальный эхь-бехк долуш хиларан тутмакх ву, ткъа иза лацар – оппозиционер сацо гIортар ду аьлла.

Навальный дIахецаре кхайкхина Оьрсийчоьне Human Rights Watch вовшахторалло, иза хьийзор политикан бахьанашца доьзна хилар билгал а доккхуш.

Европан кхеташонан гIантдас Мишель Шарла Навальный дIалацар "тӀеэца йиш йоцуш" ду аьлла, иза дIахецар а доьхуш. Цу тайппа кхайкхам бина Евробертан арахьарчу гIуллакхашкахула хьукматан куьйгалхочо Баррель Жозепа а, Европан халкъан партин лидеро Туск Доналда а.

Навальный лацар емалдина Балтин пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша а. Цара цхьаьна динчу дIахьедарехь аьлла ду, нагахь оппозиционер дIа ца хецахь, Евробарто дийцаре дан деза Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхарх лаьцна хатар.

Навальный дIахеца аьлла, кхайкхам бина кхечу Европерчу политикаша а. Польшин арахьарчу гIуллакхийн министро ша Навальныйца хуьлучух дакъа кхаьчна хиларх лаьцна яздина оьрсийн маттахь.

Германин вице-канцлеро Шольц Олафа аьлла, Навальный дIалацар низамца догIуш дац аьлла. "Стагаца харцо лелийна. Хилларг дара адам ден гIортар, пачхьалкхо ларван веза, лаца ца веза иза", - аьлла Шольца.

Сихонца дIахеца Навальный Алексей, аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Помпео Майка. "Шех бIобулу политикан лидерш кхоьруш ца хуьлу духьалончаша дуьйцучух, ницкъ ца бо цара шайн политикан оппоненташна, ца лоьцу нах харцонца", - дIахьедина Помпеос.

Американ хаьржинчу президентан Байден Джо-н къоман кхерамазаллехула хьехамчо Салливан Джейка емалдина Навальный лацар, шайна хетарг хаза луучуш болчу Оьрсийчоьнан бахархойн сий дайар ду иза аьлла цо. Салливана иштта кхайкхам бина оппозиционеран дIовш далар талла аьлла.

Белоруссин оппозицин лидеро Тихановская Светланас а къамел дина Оьрсийчьурчу поппозиционерана гIортор еш.

Кремлан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс кIирананан сарахь дIахьедина, Навальныйца хиллачух цхьа а хIума ца хаьа шена аьлла. "Бехк ма биллалаш. Иза Германехь лаьцна?" – жоп делла цо, журналисташа шега деллачу хаттарна.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Захарова Марияс жоп делла Малхбузерчу политикаша динчу дIахьедаршна: "Лара дуьненаюкъара бакъо, тIе ма кхийда суверенан пачхьалкхийн къоман низамана, шайн пачхьалкхехь йолчу проблемашна тIедарза".

  • Навальный Германехь вара Товбеца-беттан 22-хь дуьйна, цига иза кхачийра дарба дан, Оьрсийчоьнан леррина сервсисаш а, Iедалш а бехке лору дIовш даьллачул тIаьхьа.
  • 2014-чу шарахь цунна арахь яккха хан туйхира курхалла лелийна аьлла. Ша Навальныйс и гIуллакх политикан бух болуш лору. Европан адамийн бакъонашкахула кхело сацам бира, суьдо хан тухуш Навальныйн нийсонца кхел ян йолу бакъонаш талхийнера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG