ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело 6 шо колонехь даккха хан тоьхна МГУ-н аспирантана Мифтаховна


Москва. МГУ-н аспирантан Мифтахов Азатан кхелехь
Москва. МГУ-н аспирантан Мифтахов Азатан кхелехь

Москварчу Головинский суьдо 6 шо юккерчу рожехь колонехь даккха хан кхайкхийна 27 шо долчу МГУ (Москвара пачхьалкхан университет) аспирантана Мифтахов Азатана. Иза бехке лерина кхо шо хьалха "Единая Россия" партин офисна цIе тесарна. Оццу гIулакхехула кхело бехкединчу шинна Горбань Ееленина а, Ейкин Андрейна а кхело таIзар кхайкхийна стаг чуволларца доьзна доцу.

Хьалхо прокуратуро дехнера Мифтаховна колонехь даккха 6 шо тохар. Цуьнан суьдехь гӀо лоцу агIо тIера ца ялара, иза бехке вац бохучунна.

Дечкен-беттан 18-хь кхело бехке лерира кхуьъа а, политикан цабезам хиларна харцхьа леларна. ЖIов а, файер а "лелийна герз санна", элира суьдхочо, хаам бо "Медиазоно".

Шина шарахь лаьцна талламан изоляторехь латтйначу Мифтаховс, бехк шена тIе ца лецира. Цо дIахьедира, "Единая Россия" партина дуьхьал ша хIумма а ца дина, цуьнга шен цабезам хиллехь а аьлла.

Горбань Еленас цхьана декъана шена тIе бехк лецира, ткъа Ейкин Андрей къера хилира ша бехке хиларна. Ейкин Андрейс а, Горбань Еленас а Мифтахов декъа вацара цIетасарна, бохуш деш долу тоьшаллаш тIе ца лоцу кхело.

Прокуратурана хета, кхаане а бехк хилар буьззинчу барамехь тIечIагIдина аьлла, тешаша динчу тоьшаллаша а, вовше цу кхаамо яздинчу кехаташа а, видеон а, йозанан а материалаша а.

Тешорашна юкъахь ду, цхьа хIума ягаран хьожа хааеллачу а, гIовгIа хезначу а луларчу цIийнахь ехачу зудчо дина тоьшаллаш, билгалдоккху "Медиазоно".

Суьдан гIишлонна хьалха, Мифтахона гIортор ян гулделла иттаннаш адамаш а долуш, полицино лецна масех стаг. "Новая газето" бинчу хаамца, царна юкъахь ву "Протестный МГУ" телеграм-каналан автор Иванов Дмитрий а, жигархо Вахитов Марат а.

Мифтаховн гIуллакхна шуьйра юкъараллин резенанс хилира. Цунна гIортор йира бIеннаш студенташа а, Оьрсийчуьрчу университетийн а, институтийн а хьехархоша а, ткъа иштта 15 пачхьалкхара 2500 сов математико. Кху деношкахь, Мифтахов кIелхьарваккха гIерташ, леррина кхайкхам тIеийциа Оьрсийчоьнан Iилмийн академин (Российская академия наук – РАН) белхахоша а.

"Мифтахов Азатна тIехь йинчу процессо синтем байина цуьнан белхан накъостийн. Цуьнга кхийдо бехкаш хийцалора, ткъа тIаххьара бисинчу бехкан бухехь ду къайлаваьхьначу тешо дина тоьшаллаш", - аьлла ду кхайкхамехь. Iилманчаша шаьш эргIаддахна хилар хаийтина бехк буьлучу агIоно цунна тоха аьлла ехна хан бахьана долуш, ткъа кхеле кхайкхам бина Мифтахов Азат дIахеца аьлла. Цара иштта билгалдаьккхина Мифтахов талламан изоляторехь хьийзор хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийна цахилар а. Оцу кхайкхамна тIе куьг таIийна 54 академика а, профессора а, РАН Академин декъашхо-корреспондента а.

  • МГУ мехматан аспирант Мифтахов Азат лецира 2019-чу шарахь Чиллан-беттан 1-чу дийнахь, оьккхуйту хIума кечйина хила мега аьлла, шеко йолуш. Мифтаховс дийцарехь, ницкъ беш бехке хилар тIелацийта гIиртира цуьнга талламан изолятрехь. ТIаьхьо Юкъараллин тергояран комиссин декъашхоша бакъдира Мифтаховна тIехь ницкъ бина хилар.
  • Цхьа кIира даьлча полисхоша дIахийцира математик, амма оццу маьIаргонна лецира кхечу харцхьа леларан зуламехула долийначу гIуллакхехула.
  • Талламан версица, 2018-чу шарахь Дечкен-баттахь Москварчу Ховрино кIоштахь анархийстийн ойланаш йолчу МГУ-н аспиранто а, цуьнан накъосташа а "Единая Россия" партин офисан, кор а дохийна, цу чу кхоьссинера къур боккху шашка. Иза деш офисна чохь цхьа а ца хиллера
  • "Мемориало" лерира Мифтахов Азат политикан тутмакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG