ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кемана тIера космосе ракета хецна Virgin Orbit компанино


 Boeing 747-400 кемана тIера космосе ракета хецна Virgin Orbit компанино
Boeing 747-400 кемана тIера космосе ракета хецна Virgin Orbit компанино

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Virgin Orbit компанино 10 спутник эцна ракета хецна космосе, Boeing 747-400 кемана тIера, хаам бо "Радио Свобода" зорбан гIирсо.

Леррина кечдина Cosmic Girl цIе йолу Boeing тIемадаьлла Лос-Анджелесна къилбаседехьарчу Мохаве гIум-арехь йолчу аэропортера. Тийначу хIордана тIехула хецна цо ракета шен тIоман кIеллара.

Франс-пресс агенталло тидам тIебохуьйту, цу тайпа проект экономикан агIор пайденна хирг хиларна. Иштта ракета космосе хьажо ца оьшу леррина космодром кепара меттиг – тоьаш ду кеманна гIатта а, охьаха а аса хилар.

Стохка Стигалкъекъа-баттахь дуьххьара гIоьртира Virgin Orbit оцу кепара ракета космосе хьажо. Амма иза дан аьтто ца хилира: ракета охьаюьйжира хьалхарчу тIегIанан мотораша нийса болх ца барна.

Virgin Orbit кхоьллина 2012-чу шарахь Британерчу миллиардеро Бренсон Ричарда. Компани дагахь ю лаьттан орбитана гонаха йолчу космосе хьалаяха 300-500 кила йозалла йолу спутникаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG