ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Охьашершинчу лайн тархаш кIел велла гIосалазийн спортан "Домбай" федерацин президент


Домбай юьртанна гергахь оршотан дийнахь ломара охьашершинчу лайн тархашна буханисвелла, кхелхина гIосалазийн спортан "Домбай" федерацин президент Маршанкулов Хьажамурд. Бакъдина иза цуьнан кIанта Шемала а, хаамбо REGNUM агенталло.

Кхарачой-Чергазийчуьрчу Домбайна гергахь, Мусса-Ачитара юьртарчу гIосалазийн некъа тIе охаьшершина лома тIера ло. Тархашна буханисъелла гIосалазаш дIасайоькъу хIусам а, уллера кафе а.

Юьхьанца лайшна кIел нисвелла бохура 4-12 стаг. ТIаьхьо кхаьчначу хаамца, орцано кIелхарваьккхинарг ву 6 спортхо, велла цхьаъ.

  • Йолчу информацица, ломара ло охьадоккхуш белхаш дIахьош хилла оцу дийнахь, - бигладоккху ТАСС агенталло.

XS
SM
MD
LG