ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Столтенберг: Оьрсийчоьнехь дац къастор, хир ю Гуьржийчоь, Украина Атлантикан тIеман альянсехь я хир яц


Столтенберг Йенс, Атлантикан альянсан инарла секретарь
Столтенберг Йенс, Атлантикан альянсан инарла секретарь

Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллин (NATO) инарла секретара Столтенберг Йенса дIахьедина: Оьрсийчоьнехь бац къастам, хир ю Гуьржийчоь а, Украина а Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллехь я хир яц. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Эхо Кавказа" портало.

"Оьрсийчоьнан ур-атталла яц бакъо Атлантикан тIеман цхьаьнакхетараллина юкъаяха лууш йолчу йозушйоцчу пачхьалкхашна юкъагIерта а, уьш сецо а", – аьлла оршотан дийнахь Парижерчу арахьарчу гIуллакхийн хьаштийн Iилманийн школехь хIоьттинчу конференцехь.

Масал далош, инарла секретара хьахийра ша схьаваьлла пачхьалкх (Норвеги), яздо "Интерфакс-Украина" агенталло.

"Оцу хенахь Советан пачхьалкханна ца товра тхо NATO юкъадаха гIерташ. Сталина шалхо а йоцуш дIахьедира, лулахо Норвеги альянсанна генахь Iойла лаьа шена, аьлла, делахь а, тхан ирсанна, лидерша Парижехь а, Лондонехь а, Вашингтонехь а, массанхьа а жоп делира «хIан-хIа». Пачхьалкхийн бакъо ю шайнна некъ харжа, царна лаьа декъашхой хила, церан хьелаш догIу альянсан стандарташца, оха уьш къобалйо", – аьлла Столтенберга.

Цунна хетарехь, "провокацин хьесап" ду шайн хиндерг къастош йохкучу пачхьалкхашна новкъарло яр.

"Хир ю я яц Гуьжийчоь декъашхо – иза Гуьржийчоьно а, цуьнца хьошаллехь йолчу а пачхьалкхаша луьстур ду, цара бен а луьстур дац. Кхидерг дерриг а маьрша йолчу пачхьалкхан гIуллакхашна юкъагIертар ду. Цара (Оьрсийчоьно) динарг – йозуш йоцу пачхьалкх Гуьржийчоь дакъошка яккхар – иза мегаш доцург ду. Изза ала догIу Украинан хьокъехь а: низам а дохош, ГIирмина аннекси яр, Донбассехь хьал талхор – оцо эшийна вай машар кхуллуш схьадохьу гIиллакхаш", – аьлла Атлантикан альянсан инарла секретара.

XS
SM
MD
LG