ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

43 вахархо велла, 1095 цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь COVID-19 цамгарх велла 43 стаг. Официалехь цомгуш хилла лору дийнахь-буса 1095 вахархо.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь цомгушчех кхелхина 20 стаг, Ставропол-махкахь – 8, Дагестанехь – 7, Адыгейхь – 3, Кхарачой-Чергазийчохь – 2, ГIалмакхойчохь, Нохчийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьацца. Пандемин муьрехь ерриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору 6 489 стаг.

Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а уьнах беллачийн официалера статистика иштта ю:

  • Ставропол-мохк + 234 (39 655)
  • Краснодар-мохк + 197 (31 364)
  • Дагестан + 155 (26 469)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 97 (17 689)
  • ГIалмакхойчоь + 83 (16 494)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 80 (13 587)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 78 (16 691)
  • Адыгей + 63 (12 406)
  • Нохчийчоь + 57 (102 95)
  • ГIалгIайчоь + 51 (13 407)

198 057 вахархо ву 1едалан терахьаца Къилбаседа Кавказехь коронавирусах юьхьанца дуьйна схьа цомгуш хилла. Ерриг а Оьрсийчохь коронавирус кхеттачу нехан терахь ду 3 612 800.

XS
SM
MD
LG