ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхаллехь болхбинарг бехкево, стаг вен кечам барна


Москварчу Савёлово кIоштан кхело лаца кхайкхийна мехах Воронежера совдегар Корнев Кирилл вен кечамбарна Алероев Iаьрби а, Нальгиев Ислам а, Замураев Иван а, яздо "Коммерсанто".

Талламо бахарехь, 2016-чу шеран бIаьста мехах цхьамма дехна Нальгиев Исламе Корнев Кирилл вер. Нальгиевс, реза а хилла, шеца цхьаьна дехар кхочушдан ши накъост лехна – Замураев а, Нохчийчохь ФСБ-н урхаллехь леррина гIуллакхаш дIакхехьна подполковник Алероев а. Корнев вен тIаьххьара миноташ йисинчу хенахь зуламна духьалойина Iедалан белхахоша.

2019-чу шарахь кхелехь бехккъастохоша жоьпаллах хьалхаваьккхира и кхоъ, амма прокурора аппеляци йира сацамна, юхалуьстучу кхачийра дов. Амма оцу хенахь бевдда, карош бац кхеле ийзийнарш. Карийча, шина баттана уьш лецна латтор бу Iедало.

XS
SM
MD
LG