ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьал-де Iалашдечу компанино гаранти ца ло Путинан цIерпошт Къилбаседа Кавказехула ца юхуш лелар ю аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчохь уггаре йоккха ларалучу Iедалан а, нехан а хьал-де Iалашдечу "СОГАЗ" компанино президентан Путин Владимиран цIерпошт ца эцна шен Iуналле Къилбаседа Кавказехула лелачу юкъанна.

"№I цIерпошт" кхерамзаллехь кхаба "Транспортан "Россия" комбинато" (президентана некъан хьашташ латтош йолчу урхалло) барт бо оцу компаница. Керла барт хIоттийна кхушаренна а. Амма и барт ца хьакхало ерриг а Оьрсийчоьнан некъех – шена тIе ца эцна компанино цIерпошт хьовзамех Iалашбан Нохчийчу, Дагестане, Къилбаседа ХIирийчу, ГIалгIачу кхаьчна нислучу ханна.

Ерриг а Оьрсийчохь цIерпошт ца бухуш лелийта гаранти елла компанино, ткъа Кавказехь цунах муьлхха а бохам хьакхабала тарло, яздо журналисташа.

XS
SM
MD
LG