ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаттам: 59% Оьрсийчоьнан бахархой дуьхьал бу "ковид-паспорташна"


Вакцина тохийтинчу а, коронавирусах цомгуш а хилла, тобеллачу а наханна "ковид-паспорт" олу документаш юкъадохийла ца лаьа пачхьалкхерчу ах сов бахархошна. Оцу хьокъехь хаам баржийна РБК агенталло, SuperJob портало бинчу хаттаман жамIашна тIе а тевжаш.

И тайпа документ юкъадаккха долош ерг ю Башкири. Иза оьшу аьлла хетарш бац I2% нах бен, ткъа 59% бахархой дуьхьал бу, 29%-на ца хаьа шаьш муха тIеэца деза юкъадоккху документ.

Цамгарх иммунитет яьллачаралахь а, вакцинацех чекхбевллачаралахь а бу "ковид-паспорташна" дуьхьал нах – 55%.


Дукхаболучарна хетарехь, дискриминаци ю "ковид-паспорташ" хила нах декхаребар.

Оьрсийчохь вакцинацех чекхбевллачу наханна сертификаташ ду луш кху беттан 2-чохь дуьйна.

Оршотан дийнахь Башкирин куьйгалхочо хаамбира, шайн махкахь "ковид-паспорт" лур ду цамгарх иммунитет йолчунна а, вакцина тохийтинчунна а, аьлла.

"Ковид-паспортех" дерг дийцаре до Европехь а, амма Европан Бертан дукхахйолчу пачхьалкхаша къобал ца до уьш юкъадахар.

XS
SM
MD
LG