ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчохь зуда йийначунна 19 шо хан тохар дехна прокуроро


Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратура
Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратура

БуьритIерачу Советан кIоштан кхело жоьпе озийначу, 2019-чу шеран гурахь шегахь марехь хилла Гагиева Регина йийначу 32 шо долчу экс-полисхочунна Техов Вадимна набахтин луьрачу хьелашкахь такхийта 19 шо дехна прокуроро.

ГагиевгIеран адвоката Шевелева Викторияс дийцира Кавказ.Реалиига оццул хан масийтта зулам дарна йоьху, аьлла: къола дарна, масех стаг вен гIортарна, еттарна, адам дерна.

"Кхел къевлинчу хьелашкахь дIахьош ю, цундела дукхахдерг дийца бакъо яц цкъачунна. Сацам кхело кIира даьлча тIеоьцур бу. Кхелехь Теховс цкъа тIеоьцу бехк, юха бехказволу", - дийцира адвоката.

Техов Вадимна бехкедечу зуламех ду 2018-чу шеран Лахьан-беттан 3-чохь, буса, иза, полисхо хIетахь, БуьритIерачу цхьана барна гергахь ГIалгIайчуьрчу шина вхархочух латар. Девнехь цо царна урс тоьхна масийттазза. ГIалгIайн кегийнах лечуьра баьхна лоьраша.

Ткъа лурчах гурахь, шен цIера араваьлла, балхахь йолчу Гагиевана тIе а кхаьчна, цунна 15-зза урс тоьхна цо. Елла зуда масех де даьлча.

Дина зулам язделла Гагиевас болх беш хиллачу туьканарчу видеокамерашна чу, яьржира видео берриг махкахула.

  • Теховс дукха наханна тийсина кхерамаш. Амма полицино таIзар ца деш вуьтуш хилла иза.

XS
SM
MD
LG