ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ден дуьхьа а, кIентийн дуьхьа а. Кадыровс стенна ийзабо нах шен доьзалхойн аккаунташка язбала


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен вешин кIанаца Кадыров Хьамзатца а, шен воIаршца а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен вешин кIанаца Кадыров Хьамзатца а, шен воIаршца а

Инстаграмехь шаьш гIарадийла лаьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIенташна. Церан и проблема йерзо хьоьвзира 21 шо долчу блогеран Литвин Михаилан гIоьнца.

Кадыровн гергара нах шуьйра бевзаш бу аьлла, сурт хIоттон гIертар дуьххьара дац. Яхначу гурахь рэпер Моргенштер лаьцнера цара мехах и болх бан. ХIора Кадыровн доьзалхочун аккаунт яржорхьама хIораннах а 400 эзар сом ахча деллера.

Цуьнан гергара нах кест-кеста меттигерчу телехьожийлехь гучубохуш, пачхьалкхан урхаллийн сайташкахь декъалбеш лаьтташехь, церан цIарах спортан объекташ схьайоьллушехь, хIетте а, церан агIонашка ийзон безаш бу нах.

15 шо долчу Ахьмадан а, 14 шо долчу Iелин а, 13 шо долчу Адаман а аккаунташ яржон гIиртина ца Iаш, нах ийзабо цара мехкан урхалхочун хIусамненан а, Кадыровн йижарийн а, вешин а берийн а, шен кIентийн тренеран а, иштта йоккхахйолчу йоьIан Модан цIийне а ийзабо цара нах.

Схемано муха болх бо аьлча: Литвина шен агIоне язбеллачу нахана юкъа юьллу еза машен, амма, боху цо, и совгIат дийр ду, ша гергарло мел лелочу нахаца "доттагIалла" тесначунна. Ткъа иза язвелла йолчу 137 аккаунташлахь итт сов ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIийнах мел волчун ю.

Лахахь довзийтинчу терахьца гойту, карарчу беттан 6-чу дийнера 7-чу дийне кхаччалц мел нах тIетасабелла Кадыровн гергарчийн аккаунташна:

Эдилов Iабдулкерим (ММА-н латархо, Кадыровн кIентийн тренер): 2,6 миллион вара хьалха, хIинца 3,5 миллион стаг ву;

Закриев ИбрахIим (Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалхо, Кадыровн йишин кIант): 1,8 млн - 2 млн;

Кадыров Хьамзат (Нохчийчоьнан спортан министр, Кадыровн вешин кIант): 3,9 млн - 4 млн;

Черхигов Идрис (ГИБДД-н хьаькам, Кадыровн йишин кIант): 2,3 млн- 2,4 млн;

Кадыров Iела (Кадыровн кIант): 2,1 млн - 2,3 млн;

Кадырова Медни (Кадыровн хIусамнана): 1,8 млн - 1,9 млн;

"Фирдаус" модан цIа (Кадыровн йоI Iайшат ю цуьнан урхаллехь): 2,6 млн- 2,7 млн;

Веллачу Кадыров Ахьмадан агIоне язбала а оьцуш бу мехах нах. Дечкен-беттан 7-чохь ву цуьнан аккаунте язвелла 1,9 млн стаг).

Кадыров Ахьмада аьлла дешнаш, архивера видеош а, суьрташ а зорбане йоху цуьнан агIонехь.

Блогеран Литвин Михаилан "ВКонтактерчу" агIонна реклама ечу менеджеро Кавказ.Реалиига ма-дийццара, цхьаннан аккаунт нахала яккхархьама хIора зорбане йоккхучу материалах 700 туьма мах бала беза. Инстаграмехь блогеран аккаунт яржоран мехах дерг ала ца хIоьттира иза, "мах Iаламат лакхара бу" аьлла, билгалдоккхуш.

Блогершца болх бечу менеджеро, Литвинан инстаграмерчу агIонех жоп лучу Пириева Дианас ца дийцира, КадыровгIеран аккаунташна реклама ярна мел ахча деллера.

Вуьшта, инстаграм-аккаунташ нахалахь дIасаяржош, белхаш беш ю иттаннашкахь пиар-агенталлаш. Шаьш хIоттийначу мехех цара агIонашка язболуьйту дуккха а нах, оьцу лайкаш, позитиве комментареш а цхьана.

Реклама йийриг мехаш тайп-тайпана бу.
Масала, PRtut сайтехь 20 эзар "оьрсий" язвалийта оьшу 8200 сом. Йа Оьрсийчуьра 10 эзар стаг - 6450 соьмах. All-smm агентство 3500 соьмах 10 эзар стаг аккаунте язволуьйту. 4,500 соьмах 5 эзар стаг "оьцу" AviI.ru-с, ткъа 20 эзар стаг тIеузу 10 эзар соьмах.

"Кадыровна шена хетарехь, нахалахь бевзаш, лоруш хилийта шен гергара нах Iамош ву иза. Цхьана агIор, массарна а шен доьзал гуш хила лаьа цунна, царех лаьцна информаци яржон, церан фанаташ хилийта лууш. ШолгIа аьлча, массарна а гуш, тергонехь хила марзбар ду иза", - элира нохчийн политолога Кутаев Руслана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Цо бахарехь, Кадыровн воIарийн аккаунташ яржор а, дукха хан йоццуш 20 шо долу шен йоI Кадырова Хадижат школазхойн дешаран департаментан куьйгалхочун дарже хIоттор а, иштта, Лахьан-баттахь шен 15 шо долчу кIантах Кадыров Ахьмадах къонаха веш, хIоттийна церемони а - и дерриге а "цхьана чIуган зIенаш ю".

Оцу хIуманийн цхьа бахьана ду - Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир аьлла, хьажам бу Кутаевн.

"Оьрсийчоьнан синхIоттам бу иза. Парадигма ю хIара, Путина а, цуьнан гоно а билгалъяьккхина. Оьрсийн пачхьалкхан идеологи ю хIара, шайн дайн метта церан доьзалш а богIуш, иштта уггар а коьрта - путинизм латтийта", - боху политолого.

2017-чу шарахь дIаяьккхира инстаграмера Кадыров Рамзанан аккаунт: блок туьйхира цунна Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцийн гурашкахь, цо адамийн бакъонаш талхош хиларна. Цунна дуьхьал жоп луш Кадыровс дIахьедира, и социалан маша шена оьшуш а яцара, инстаграман аналог ю республикехь къобалйина Mylistory аьлла.

ХIетте а, мехкан урхалхо юхаван гIоьртира, цо бахарехь, цунна хьашйоцчу социалан машане, керла агIо йиллира цо. 2018-чу шарахь юха а дIакъевлира цуьнан аккаунт.

Халахеттачу Кадыровс америкхошна ца дуьйцуш хIума а ца дитира, шена церан маша "оьшуш яцара" бохуш, делахь а, юха а рогIера аккаунт схьайиллира цо.

Официалан шен агIо яц Кадыровн инстаграмехь карарчу хенахь, коьрта шен дIахьедарш до цо, дукха хьолахь, телеграм-каналехь. Масала, карарчу баттахь оцу каналехула шен воккхавер дIахаийтира цо, Американ президентан Трамп Дональдан инстаграмера агIо дIакъевлича. "Бакъо тоьлла" бохура цо.

Инстаграмерчу шайн агIонашка ахчанех нах гулбина цхьа Нохчийчоьнан куьйгалла бен хилла ца Iа.

2019-чу шарахь 66 Оьрсийчоьнан губернаторийн боташ гучуехира "Мнимая популярность. Анализ активности губернаторов в сети Instagram" аьллачу талламехь политикан коньюнктуран Центран авторша.

Фейкан нах агIонашка язбелла хиларца лидершлахь гучувелира Туван куьйгалхо Кара-оол Шолбан (63% бот). Иштта, оцу рейтингехь нисбеллера массо а Къилбаседа Кавказан мехкийн урхалхой:

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав - 52% боташ;

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо Темрезов Рашид - 48 % боташ;

ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхо Коков Казбек - 42% боташ;

Дагестанан хилла урхалхо Васильев Владимир: 42% боташ;

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела: 37% боташ;

Адыгейн урхалхо Кумпилов Мурат: 37% боташ;

Ставрополан мехкан губернатор Владимиров Владимир: 32% боташ;

Лулахошлахь хIоттийначу тептарехь тIаьххьарчу могIарехь вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан: 22% боташ хиллера цуьнан керла схьайиллинчу агIоне язбелла.

Инстаграмехь хийцанза аккаунташ йоллушехь а, билгалваьккхинчу цхьана рейтинган декъашхочун аккаунте язвелла вац ур-атталла, 1,5 миллион стаг а. Делахь а, Кадыров Рамзанан гергара нах реза бу, мах белла а, шайн агIонашка миллионашкахь нах язбалийта, хуьлийла церан интерес машен яккха а.

Еза автомобиль юкъа йиллина, конкурс йирзинчул тIаьхьа, реклама еш ша зорбане яьккхина пост дIаяйира Литвин Михаила, иштта, язло церан аккаунташка бохуш, ша реклама мел йинчийн агIонашкара а дIавелира иза.

Дуккха а нах тIаьхьара бевлира, яржон хьалхатеттинчу аккаунтийн агIонашкара:

Дечкен-беттан 7-чу дийнахь Эдилов Iабдулкериман хьалхо хиллачу 3,5 млн стагах висира 3,2 млн;

Закриев ИбрахIим: 2 млн- 1,7 млн;

Кадыров Хьамзат: 4 млн - 3,8 млн;

Черхигов Идрис: 2,4 млн - 2,1 млн;

Кадыров Iели: 2,3 млн - 2 млн;

Кадырова Медни: 1,9 млн - 1,6 млн;

"Фирдаус": 2,7 млн- 2,5 млн

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG