ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

38 стаг велла, кхин а 1099 цомгуш хилла уьнах Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 38 пациент велла коронавирусах. Цомгуш хиллачийн терахь хьалакхиина кхин а 1 099-нна.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бахарехь, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгар а йолуш велла 19 стаг, Дагестанехь – 8, Ставропол-махкахь – 7, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – шишша. Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь уьнах велла боху Iедалан статистико 6527 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтан а, юхьанца схьа долу а цомгушчийн терахьаш:

  • Ставропол-мохк + 236 (39 891)
  • Краснодар-мохк + 198 (31 562)
  • Дагестан + 150 (26 619)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 96 (17 785)
  • ГIалмакхойчоь + 87 (16 581)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 80 (16 771)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 79 (13 666)
  • Адыгей + 62 (12 468)
  • Нохчийчоь + 59 (103 54)
  • ГIалгIайчоь + 52 (13 459)

XS
SM
MD
LG