"Коммерсантерчу" журналиста Королёв Никитас йовзийтина къевлина лелош йолу полисхойн чат – 1-3 эзар соьмах тоьшаллаш дан студенташ лоьху ницкъхоша оцу чухула.
Королевс дийцарехь, чатехула администратораша полисхошна кхечу кепехь гIодийриг а ло ахча: бехктакхаман гIуллакхийн суьрташ дахарна, лецначийн догIамех я цIийнах хьовсуш тоьшалле хIоттарна. Чатехь дакъалоцучу 280 стагах дукхаберш студенташ бу. Цхьамма царех дийцина журналисте, ша ш оду полицина гIуллакх ден, цо кхайкхинчу меттигашкахула Москвахь дIасалела, аьлла.
"Медузин" корреспондента Голунов Ивана скриншоташца тIечIагIдина ишта чаташ хилар а, шена царех цхьаъ евзаш хилар а.
Лурчах аьхка, наркотикаш юхкуш ву аьлла, лаьцча, иза харц а деш, Iедало дIахецийтинчу Голуновс дийцира шена ша лоцуш тоьшаллаш дан оцу могIарара тешаш балийра, аьлла. Журналиста теллина кхело бина бIеннаш сацамаш, кхетта нарокотикашца доьзна лоьцучу наханна дуьхьал тоьшаллаш дан юьстахара нах балош хилар – и нах дукха хьолехь шаьш хуьлу наркоманаш, боху Голуновс. Шена дуьхьал тоьшаллаш динарш полисхоша шайн машенашкахь тIебалийна бара, царна 1500-2000 сом деллера, чIагIдо журналиста.
Полицино оцу кепехь юьстахара нах тоьшаллаш дан лехьор харцо лору эксперташа. Мехах дойла дац лоьцучу наханна дуьхьал дареш, боху, масала, экспертизан-аналитикан InfoWatch центран куьйгалхочо Смирнов Михаила.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь куьйгалхоша аьлла, шаьш къийсам латтабо оцу кепехь «болх бечу» полисхошна дуьхьал, шаьш толлур ду чатах а, оцу чухула тешаш лохучаьрца а дерг.