ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амир Бютукаев а, кхиболу тIемалой а байъарх лаьцна дIахьедина Кадыровс


Нохчийчохь хIаллакйина тIемалойн тIаьххьара тоба, шеца амир Бютукаев а волуш, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Лерина операци дIаяьхьна Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртахь.

"Дукха хан яра лерина операци Iалашоне йиллина. Ас айса дакъалаьцна иза кечъеш, говза кхочушйина операци цуьнан куьйгалхочо Чалаев Замида. Бандтобан шозза аьтто белира, тIом ца беш, къелхьаръяла. КхозлагIа араяьллачу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарх йолчу полках къайла ца бовлабелла уьш", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Цо бахарехь, президент Путин Владимир хууш хилла кечъечу операцех лаьцна, цо буьйцуш хилла нийса некъ, хьехна дараш доцуш гIуллакх чекхдаккхар.

Кадыровс дийцарехь, байъинарш бу махкара тIаьххьара тIемалой, евзина царех цхьаболучийн цIерш.

  • Бютукаев Аслан вина 1974 шарахь Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь. Хилла президентан Масхадов Асланан куьйга кIел. 2013-чу шарахь, «Кавказ Имаратан» баьчча Умаров Докка вийча хIоьттира цуьнан метте.
XS
SM
MD
LG