ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байденан инаугураци хилла Вашингтонехь. Американ Штатийн 46-гIа президент ву иза


Вашингтонехь бирзина Лахьан-беттан 3-чохь президентан дарже хаьржинчу политикан-демократан Байден Джон инаугурацин барам.

Байдена Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн халкъана а, Конcтитуцина а тешаме хила дуй биъна Капитолийна хьалха шена тажтуьллучу барамехь. Цуьнца цхьаьна инаугурацех чекхъяьлла вице-президент хаьржина йолу Харрис Камала а.

78 шо долу Байден Джо ву Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн исторехь президентан дарже боьлхучу политикашлахь ханна уггаре воккханиг, 46-гIа коьрта куьйгалхо ву иза Американ оьмарехь.

XS
SM
MD
LG