ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"VIP камера яц Навальный чохь латториг, кхечеран санна камера ю". Стенгахь латтош ву Навальный (+видео)


"Матросская тишина" изоляторан камери чохь ша цхьаъ ву Навальный Алексей. СИЗО-ра и камера муха ю, стенгахь латтош ву Навальный аьлла, хаьттира оха бакъоларъярхочуьнга, Москварчу Юкъараллан тергамчийн комиссин секретаре Мельников Алексейга.

- СИЗО-хь Навальный Алексей волчахь хилира хьо. Дийцахьа, муьлхачу хьелашкахь латтош ву иза?

- Кхечеран санна камера ю, и бохург хIун ду, цхьаболучара ма баххара, VIP яц, кхечу чоьнел а оьшуш а, йа тоьлаш а яц. Кхаа стагана лерина камера ю иза, цкъачунна ша цхьаъ ву иза цу чохь. Пандеми бахьана долуш цхьацца кепара дозанаш диттина хиларца ша витина иза. Талламан изоляторе цхьаъ валавахь, 14 дей-буьйсий шегга доккхуьйту, цуьнца респираторан лазар гучудолу, йа ца долу зуьйш.

Нагахь санна, симптомаш хаалой, тIаккха коронавирус юй хьожуш, тест йолуьйту. Ши кIира даьллачул тIаьхьа цхьа а тайпа цамгаран билгало яцахь, юкъарчу камера чу дехьавоккху. Юкъара камераш а кхин башха вовшех къаьсташ ца хуьлу, бакъду, "Матросская тишина" изоляторехь итт стаг цхьана чохь вуьтуш тойина чоьнаш ю, нормативаш а ларъеш.

- Кхаа стагана лерина, иза чохь дIатарвина камера муха ю?

– 12 квадратан метар хила тарло иза. Цу чохь туалет а, телевизор а, чайник а, шкаф а, кхо маьнга а бу.

– Цхьана а хIуманна латкъамаш борий Алексейс?

- ХIан-хIа, Алексейс цхьана а тайпа аьрзнаш ца дира. Изоляторан белхахоша цхьана а кепара тIеIаткъам бой хьуна аьлла, хаьттира ас. ПаргIат ву ша, Iаткъам ца бо шена элира цо.

- Цуьнан синхIоттам муха хийтира хьуна?

- ЧIогIа хIоьттина вара иза, бехк а бац, оцу дийнахь Iаламат чIогIа ницкъ хиллера цунна. Цул совнах, делкъанна хIума яанза а висинера иза, дIасалелавар бахьана долуш. Iуьйранна хIума кхалларх хиллера иза. Даймахка юхавеана воккхавоь ша элира цо. Вуьшта, кхин совдаьккхина ала хIума дац, хIунда аьлча, билггал чIогIа гIелвелла вара иза.

- Тахана дуьйна Москварчу СИЗО-хь лецна латточийн гергарчарна дихкина тIаьхьа хIуманаш кхехьа а, вовшашна ган а, ткъа де хьалха болх бечуьра сецна тутмакхашка кехаташ кхехьийта таро лун электронан система а. Хьуна муха хета, Навальный лацарца доьзна дуй-те и?

- Гой хьуна, оцу керлачу хааман бух суна гина бац, бакъду, Зазадокху-баттера схьа дуьйна тIаьхьаиха могуьйтуш дацара, коронавирусца доьзна. Юург а, бедарш а схьаэцар лахдинера цхьана юкъахь. Охан баттахь дуьйна молханаш бен чуоьцуш дацара. ХIинца хези-кх суна, молханаш доцург, тутмакхашна кхин хIуммаъ а дIайолуьйтуш яц аьлла.

И хаам зен беза ас, талла а теллина. Иштта ларамза нисделла хила а тарло, йа ца хила а мега, суна цкъачунна ца хаьа. Амма цхьа хIума эр ду ас, оцу тайпа дозанаш деттар хIокху цхьана шерачохь шолгIа юкъадаьккхина, нагахь санна, хIинца а диттинехь, 3-гIа хуьлу-кх,

- Bellingcat тобанан авторша бинчу шайн талламехь а, ишта-м Навальныйс ша а чIагIонаш йора, иза вен гIоьртинарг бархI стаг вара боху, ФСБ-н белхахой, аьлча а, пачхьалкхан векалш. СИЗО-хь иза юха а вен гIорта там бара аьлла. кхерам буй?

- Гой хьуна, цхьана кхерамашна тIе ца туьйжу тхо. Оха дукха лерина терго латтор ю "Матросская тишина" изоляторехь: Навальный муьлхачу хьелашкахь латтош ву а, цуьнан бакъонаш ларйо, ца ларйо а хьожуш. Нагахь санна, цхьана кепара цуьнан бакъонаш хьоьшуш ю аьлла, шеконаш гучуйовлахь, оха хьем а ца беш, цунах лаьцна дIахоуьйтур ду.

Москварчу юкъараллан тергамчийн комиссино а, иштта, кхечу регионашкарчу комиссеша а дIагайтина, шаьш билггал йозуш йоцу орган хилар.

- Кест-кеста иза ган аьтто хир буй хьан?

- Низамо дозанаш ца детта тхуна оцу тIехь, муьлххачу хенахь а, цуьнца цхьанакхета йиш ю тхан.

- Кест-кеста хуьлий шун цига дахар?

- КIиранах цкъа доьлху тхо, кхин сих-сиха гIойла дац, хIунда аьлча, Iаламат дукха бу тутмакхаш, царна тIехь а терго латтон еза оха. Ткъа хIинца комиссин почте дукха кехаташ кхехьийтарна, юкъараллан интерес, эр ду-кх вай, кхуьнца хиларна, кхин а кест-кеста даха хьовсур ду тхо. Хуур ду-кх.

Интервьюн оригинал еша кхузахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG