ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоькан майнинг-къоланаш гучудаьхна Къилбаседа Кавказехь 230 миллион соьмана


Къилбаседа Кавказна ток латточу "Россети Северный Кавказ" компанино бечу хаамца, регионехь 35-зза гучудаьлла баккхийчу барамашкахь майнинг-ферманаша ток лечкъор, хьовзийна ток ю 230 миллион соьманна.

24-зза оцу кепехь ток лачкъийна Дагестанехь 90,4 млн соьманна. 7-зза -ГIалгIайчохь, I38 млн соьманна, Нохчийчохь майнерша лдачкъийна ток 1,4 млн соьманна, боху компанин векалша.

Гучудаьхначу къоланех дукхахдерг тергоне эцна низамхоша, айдина бекхтакхаман девнаш.

  • Майнинг – иза криптовалюты доккху компьютерш латтор ду. Иза яц цхьанна долахь, цундела биткоин-валюта яккха таро ю хьеннан а. Майнерша шайн компьтерш латтайо транзакцеш чекхйохучу системин пайденна, цунах ло царна электронан криптовалюта. Яккхийн харжаш хуьлу майнершна еза компьютерш оьцуш а, царна ток латтош а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG