ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Баккъал а Iазап дара ас лайнарг". ГIалгIайчуьрчу бераш дуьненчу дохучу центрехь зударий айпен барх


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Цхьа а сингаттам боцуш, исс баттахь бер кийрахь лелийначу 19 шо долчу Экажева Тамарин дахар шина декъе декъаделла. Лоьран ледарлонна а, цуьнан корматалла цахиларна а кхин цкъа а бер хир дац цуьнан. Тамара йоцург а, оцу лоьран бехкех дуккхаъчу тешаша дийцарехь, кхин а масех зудчун могушалла ийгIина. Кавказ.Реалии сайто къастийра, тIаьххьарчу ворхI шерачохь, ша ГIалгIайчоьнан коьртачу "роддоман" – бераш дуьненчу дохучу перинаталан центран куьйгалле еачхьана, лоьро-гинеколого Халухаева Людмилас билггал талхош буй-те зударий.

"2019-чу шеран Дечкен-беттан 16-чохь дарбан хIусаме ялийра со, кIира даьлча этIа а еш, кIант дуьненчу ваьккхира ас, - дуьйцу 20 шо долчу ГIалгIайчуьрчу яхархочо Ужахова Тамарас. – Цхьа а проблема йоцуш, атта лелийра ас и кIант, доьзалхочух йолуш. Операци йинчул тIаьхьа сан дагар хьаладелира, чIогIа вон дара суна. Со санна этIийначу зударшка хьоьжура со, дерриг а дика дара цаьрца, ткъа со меттах а ца хьалора. Сайн бере хьажа йоьдучу хенахь а, лазар теден молха а молий, йоьдура".

Тамарас дийцарехь, лоьраша ишта хуьлуш хуьлу операци йиначул тIаьхьа, сагатдан хIума дац, кеста гIоле хир ю бохуш хиллера цуьнга. Дагар дIа-м муххале а ца долура, кхин а лазарш тIекхийтира цунна: доллу дегI дистинера Тамарин, куьйгаш а, когаш а, гай а цхьана. Лоьраша тIе а хIуьттуш, араяхар муха ду хьан хоьттура цуьнга, кIира а хиллера иза ца яхалун. Кхуьнан гай тIетеIадора цара, Тамарига лазаршна са а ца детталуш.

"КIира даьлча УЗИ яккха цхьа дика лор валийра, сан йоIах доллург талла, - дуьйцу Тамарин нанас Хьавас. – Кхераеллачу цо элира, цуьнгахь вон хьал ду, кийрахь дIовш даьлла тIуналла дагтIе кхочуш ю, катоьхна юха а этIон еза аьлла. Цул тIаьхьа реанимаци чу йигира иза, тIуналла дIаяьккхича гIоле хир ю аьлла".

Хьавас бахарехь, центран коьртачу лоьро Халухаева Людмилас тIекхайкхинера иза. Кхин а лоьраш чохь а болуш, цо дIахьединера, шаьш операци ца еш севцца, кхунца дагадовлархьама. Кхуьнан йоьIан кийрахь инфекци хиллера, беран цIа дIа ца даьккхича ца довлу шаьш аьллера. Цхьа харжам битинера нанна: беран цIа дIадоккху шаьш, тIаккха бен йоI дийна юьсур яц аьлла. Иза дIа ца даккхахь йоIана кхерам хилар билгалдоккхуш.

"Кхечу дарбан цIийне иза дIайига лууш дара тхо, амма тхоьга элира, иза лийр ю, мегар дац. Дуьххьара операци яле а дара тхо иза кхечухьа дехьаяккха лууш, хIетахь а ца магийра тхуна цара. Иштта гIуллакх доьрзур дуй сайна хиънехь, ас цигахь юьтур яцара иза, кхечанхьа дIайигина хир яра", - холчухIоьттина дуьйцу нанас.

ТIаьхьо, оцу центран белхахочо къайлах аьллера Хьавага, цхьа а инфекци яцара хьан йоIаца, иза бакъ хилар тIаьхьо анализаша а гайтира, хIунда аьлча оцу исс баттахь лоьрийн тергонехь яра Тамара. Йа могушаллица цхьа а сингаттам болуш а яцара. Бер схьа а эцна, лоьро кхуьнан йоI дIатоьгучу заманчохь, дийцинера Хьавага, беран цIа а, чуьйраш а цхьана тегна хиллера. Оцу бахьанаца могушлла ийгIинера Тамарин. Иштта ма диталаш и гIуллкх бохура шега оцу лоьро, дуьйцу Тамарин нанас.

"Дуьххьара шен 19 шо долуш нана хилла и йоI, лоьран бехках кхин бер дан йиш йоцуш йиси-кх, - боху лоьро Эсмурзиева Заринас. - Халухаеван ледарло ю кхузахь. Иза бехкехиларх тоьшаллаш а ду, амма цхьаннан а бала бац цуьнца. Оцу йоьIан доьзало гIуллакх прокуратуре делла, амма, суна хаарехь, циггахь сецна а ду".

Дайинчу кехатан къайле

Экажева Хьавас бахарехь, инцидент хиллачул тIаьхьа, маса Наьсаран прокуратуре арз дира цара. Коронавирусан дуьххьарлера тулгIе йоьду хан ю иза, массо а пачхьалкхан белхан меттигаш къевлина яра, цундела аьлла хиллера Хьавага, гIуллакх тIаьхьо толлур ду шаьш.

Ткъа "тIаьхьа", Хьава юха прокуратуре еача, цуьнга аьллера, шун рагI тIекхаьчча, тIекхойкхур ду шу.

"Кехаташ Оздоев Iелас зуьйш ду элира соьга, амма кхин деш хIума дацара. Юха а шо довш прокуратуран неIаре яхара со, оха чуделлачу арзан йист яьллий хатта. Секретаро боху соьга, ахь цхьа кехат чуделла а дац. Сан тешаш а ма бу, арз чулуш гина. Бахьанаш хьийзийра цара, гIуллакх ца талла. Ас иштта дуьтур дац и гIуллакх, документаш сан карахь ду", - оьгIазоьху Хьава.

Хьаван йоIа Тамарас дагалоьцу, ша дарбан хIусамера цIа еанчул тIаьхьа, хьал дика цахиларна Халухаева Людмиле ша телефон тохарх. Кхуьнца къамел а дина, ша хьожур ю хьоьга аьлла, жоп а делла, цхьана стагаца къамел дан йолаеллера лор, ша телефон дIа ца яйиний а ца хууш. Доллу къамелан теш хилира Тамара.

"Ша телефон дIаяйина моьттинера цунна. Ларамза хезира суна кхин дIа хилла къамел. Мила яра иза, стенна еттара цо телефон, хаьттира лоьре оцу стага. "Ас беран цIа дIадаьккхинарг ю иза. Прокуратуре арз дина цара суна, амма церачух гIуллакх хир дац" элира Халухаевас. Цхьа шело хьаьдира соьга. Иза бехке йоцийла суна хууш ца хиллехь а, цхьа хIума ду – шен бехк бацахьара, белхан хан йоцушшехь, соьга хьажа йогIур яцара иза", - боху йоIа.

"Сан доллу дахар талхийна цо"

Дуьххьара а, йа тIаьххьара а хилларг дац иза. ВорхI шо хьалха, Сунжан кIоштарчу дарбан хIусамехь оцу лоьро операци йинчу кхечу зудчунна а доккха зен динера цо могушаллина

"Сайн хенна дарбан хIусаме ялийнера со, дерриг а дика дIадоьдуш дара сан. Хьан беран кхуьуш йолчу кепехь гипокси ю элира цо, йина КТГ а, йа УЗИ а йоцуш. Цундела этIийна, бер схьаэца деза бохура, - дуьйцу 30 шо долчу Оздоева Мадинас (цIе хийцина-Редакцин билгалдаккхар.). – Со дуьхьал хилира, ас сайн цIийндега телефон туьйхира, дагаяла Iалашонца. Сан карара телефон схьаяьккхира цара, къамел а хадош, дайн сан гIогIех тIара а тухуш".

Лоьро психологица тIеIаткъам а бина, ша операцина реза ю аьлла, бертаза куйгъяздайтира шега кехатна боху Мадинас. ЭтIийначул тIаьхьа вон дара шена боху цо, ткъа шен латкъамаш лоьро тергамза буьтура, ишта хуьлуш хуьлу бохуш. Ша этIийначул тIаьхьа чуеанчу лор-йишас юьхь-дуьххьал элира шега боху Мадинас, ахь хIинца а йинчу операцех мах схьа ца белла аьлла.

"Лоьраша хьоьга ахча схьало боху, элира цо соьга. Маьнги тIера гIатта а ца луш йисинера со, тIаккха цо ша сан тIоьрмигчуьра схьаийцира ахча", - дагалоьцу Мадинас.

Дийнна кIиранчохь де дийне хьал эшна догIура Мадинера, тIаьхьа "перитонит" диагноз хIотийра цунна. Беран цIа дIадаьккхира цуьнан а, амма ша ира ма хIоьтти, ницкъаллийн структурашка дIахьедира цо, цул тIаьхьа балхара йохийра, хIетахь Сунжан-кIоштарчу бераш дуьненчу дохучу цIийнан куьйгалхо хилла йолу Халухаева Людмила.

Боьха ловзарш а, бераш дуьненчу дохучу хIусамийн тIом а

Кавказ.Реалии порталца къамел дан реза хилира ГIалгIайчуьрчу перинаталан центран лоьраш, шайн цIераш ца яьхчахьана. Цара дийцира махкарчу коьртачу бераш дуьненчу дохучу хIусамехь долчу хьолах.

Лоьраша чIагIдарца, Сунжан-кIоштарчу дарбан цIийнера дIаяьккхинчул тIаьхьа Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан "роддоме" балха ийцира иза, амма цигахь а дукха ях ца елира.

Кхин дIа, Кавказ.Реалиина зударийн лоьро Эсмурзиева Заринас (цуьнан цIе кхийцина редакцино) дийцарехь, хIеттахь ГIалгIайчохь схьайиллинера перинаталан центр. Республикерчу ширачу "роддомехь" кIезиг бара лоьраш, цундела Халухаева маса дIаийцира балха. Цо урхалла дечу декъехь антисанитари ю, бер схьаоьцуш чевнаш йо, зударийн меженаш дIаяьхна дукха меттигаш бу. Эсмурзиевас дуьйцу, оцу доллучунна а таIзар ца деш йитира иза бохуш. Даим а къийсамаш хуьлура оцу центрехь. Вовшийн хуьйцуш, дIахIиттабора коьрта лоьраш, цкъа веанарг вовза а кхиале. Киношчохь санна хуьлура церан хийцабаларш, шантаж лелош, вовшийн ямартбуьйлуш, социалан машанашкахь фейкаш яржош.

"Дарж къуьйсура цара. Коллективехь негатив латтайора церан къийсамо. Болх беш стаг а вацара, вовшашца тIемаш беш хиларна", - дуьйцу Эсмурзиевас.

Эххар а центран куьйгалле кхечира Халухаева Людмила.

"Керла белхахой схьаийцира цо, дуккха а шен гергарнаш (ши йиша а, ши ваша а,- дуьйцу кхечу лоьро. -Сунжан-кIоштарчу дарбан хIусамера иза дIаяьккхинчу хенахь цунна гIо дина хиллера оцу наха. Шен куьйгакIел балийнера цо уьш, шена тешаме болу, амма хIинца уьш а лууш бац цуьнан куйгакIел болх бан".

"Бераш даларна кхоьру тхо"

Перинаталан центрехь болх бечу кхаа лоьро латкъамаш бира Кавказ.Реалиига, молханаш а, медикаменташ а тоьаш яц шайн центрехь аьлла. Ур-атталла, чов тоьгу гIирс а лоьраша шаьш эца безаш хуьлу, йа гергарчарна тIедожадо эцар.

"Бераш даларна кхоьру тхо. ЦIеххьана цхьа цаторийла хIоттахь молханаш хир дац. Оцу заманчохь йа бер, йа нана даларна кхоьру тхо, - дуьйцу Эсмурзиевас. – Вон хьал долуш цхьа зуда Iуьллура кхузахь, дукха цIий дIаихнера цуьнан, цундела сихха цхьа кочалла оьшура цунна чуйотта. Коьртачу лоьро боху тхоьга, глюкоза йотта, чекхъяллалц, кхинйолу кочалла эца шен таро яц".

Иштта лоьраша дийцарехь, Халухаева еачхьана зударийн лоьраша кхаьънаш оьцуш меттигаш бу, амма тергамза дуьту иза.

"Дагадеъана зераш схьоьцу"

Медикаменташ тоаме цахилар пациенташна хиъна ца Iаш, цуьнца йоьзна хало лоьраша а Iоьвшина. Пандеми яьржичхьана, индивидуалан стаг Iалашвен Iирс царна кхачийна бац, гIалгIайн меценаташа перинаталан центрна эцна масканаш, каранаш, костюмаш йоллушехь.

Диллина кехат дахьийтинера белхахоша федералан Роспотребнадзоран урхалхочун Попова Аннин а, Оьрсийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а могушалла Iалашъяран министрашка а, кхинйолчу урхаллашка а. COVID-19 вирус яьржинчу юкъахь Халухаева Людмилас шога санитаран низамаш дохош хиларх, латкъамбинера лоьраша.

"ХIетахь цуьнан ледарлонна дукха лоьрашна коронавирус кхеттера, церан гергарчарна а даьллера кхарех ун. ХIоразза а тхайна оьшу гIирс схьабехча, шаьш эца олура тхоьга Халухаевас. Ковидах ун даьллачунна компенсаци йоьхуш оха, кехат чуделча, белхан меттигехь шайх ун кхетта алий, тоьшалла де олура", - дуьйцу Эсмурзиевас.

Халухаевас боху, центрехь проблемаш хилла яц индивидуалан гIирсаца, ткъа компенсаци ца елира ша боху, перинаталан центр "цIечу зонехь" цахиларна.

"Тоьшалла дел, шаьш балхахь цомгаш хиларх олура ас. ЦIахь цомгаш хуьлий, кхуза богIу уьш, тIаккха ахчанаш доьху. Муьлхха а тхан пациентца хила тарло вирус, ткъа соьгахь хIун тоьшаллаш ду? Цундела атта дац, уьш белхан меттигехь ун даьлла бу аьлла, тIечIагIдан", - боху Халухаевас.

Делахь а, Эсмурзиева Заринас бахарехь, прокуратуре аьрзнаш динчул тIаьхьа, цхьаболчу лоьрашна еллера компенсацеш.

"Нах долахь латточу Iедалан бакъо ю тхан цигахь"

"Гетагазова Любин гергара ю иза, цуьнгахула кхаьчна иза оцу дарже, - дуьйцу Дудургова Асета. – И массарна а хууш ду. Коллектив Iадийнера иза дIахIоттийча. Коьрта лор ю иза аьлла, тхайга схьахьедича, тхо дуьйлура, теша а ца тешара".

Эсмурзиева Заринас бахарехь, Гетагазова Любовь республикехь "йоккха белхахо" лоруш ю. Цуьнгахула ду коьртачу даржашка хIиттор. Мехкан куьйгалхочун Калиматов Махьмуд-Iелин официалан сайтехь билгалъяьккхина ю Гетагазова, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун администрацин пачхьалкхан гIуллакхдаран коьртачу сервисан а, кадрийн политикан а куьйгалхо санна.

Эсмурзиевас бахарехь, Халухаева Оьрсийчоьнан пачхьалкхан яхархочун бакъонца йоцушшехь коьртачу лоьран дарже хIоттйина. Ткъа Халухаевас ша ю боху Оьрсийчоьнан яхархо.

Кавказ.Реалиин аьтто ца хилира, информаци бакъ юй талла.

"Нах долахь латточу Iедалан бакъо ю тхан цигахь, тхо лай санна лелош ду, хIумма а дIа ала йиш а йоцуш. Тхо ца доьлхуш меттиг а ца бисина: администраци а, министрийн кабинете а. Царна бен-башха дац. Цхьа а дегайовхо ца йитина тхуна. Министр цкъа а еана яц тхо долчу. Цуьнан гIовс хилира кхузахь, цо боху "дукха дика коьрта лор ю-кх шун, шайн болх бейша. Ткъа кхеташоне гулделча массаьргара а телефнаш схьайоху, цхьаъ дIаяздарна кхоьруш", - дуьйцу Эсмурзиевас.

"Суна цкъа а дицлур дац хIара"

Экажева Тамара перинаталан центрера араяьлчахьана ГIалгIайчоьнан луларчу мехкашкарчу клиникашкахь йисина. Цуьнан нанас дийцарехь, дийнна оцу шарахь "лоьраша йитинчу цамгарийн тIаьхьенах" цIанъяла хьийза иза. Операци йинчул тIаьхьа дуьххьара клинике яхначу Тамарина хаийтира, беран цIа дIадоккхучу хенахь, цIарна а цхьана дIалаьккхина хиллера цуьнан. Ткъа Тамарина хаийтина а ца хиллера.

"Тхоьга боху, хIун ду цигахь цара лелориг, бераш дуьненчу доху хIусам яц иза-м, нах бойъу меттиг ю. Ма дукха зударий а, бераш а оьху тхо долчу цигара бохура тхоьга, - дагалоьцу Экажева Хьавас. - Ростоврчу цхьана клиникан декъан куьйгалхочо мохь хьоькхура: "Тракторца хьеша оцу тайпа лоьраш", бохуш. БIаьргех хи даьллера цуьнан, цхьана йоIах дог лезна. ЧIогIа препараташ а йиттина, цуьнан чуьйраш а, Iонжар а, доIах а, жаннаш а хIаллакдинера лоьраша. Нагахь санна, шу кхеле довлахь, ша тоьшалла дийр ду аьлла, дош делира цу лоьро".

Шен цхьаъ бен воцу доьзалхо кхиош ю тахана Экажева Тамара. Кеста шо кхочур ду кIентан, амма 20 шо долчу жимчу зудчун кхин цкъа а бер хир дац. Цул совнах, цо бахарехь, хьала-охьа а ца таIало иза, лартIахь лела а ца ло, даим а лазаршца хуьлу.

Кест-кеста дагарш лаьтта, лоьраш цIа кхийкха безаш хуьлу, дарбан хIусамехь хIара массарна а евзаш ю, хIунда аьлча, лазарш теден мехий цигахь доьттуьйтуш хиларна даим а. Кхин башха гIо а ца до цара а хIинца. Организм дIайоьлла.

"Сайн кIант а ца лелало соьга. Иза кара а эцна, хьаста де а дац сан. Сан мардас а, маьрйишас а лелош ву иза. Соьга далург хIун ду – кIант вузор, иза а йижина Iаччуьра. Кертахь гIуллакх дан а зуда яц со, юург йо аса, пхьегIа а юьлу, кхиндолчунна – могушалла ца тоьа", - дуьйцу Тамарас.

Кавказ.Реалиин корреспонденто бераш дукха леш хиларх шега хаьттича, кхин дIа жоьпаш дала реза ца хилира Халухаева Людмила. Кхин цуьнца зIе тасар а ца хилира, мессенджерехь цо блок хIотторна.

Материал зорбане йоккхучу хенахь, ЭкажевгIара бахарехь, ГIалгIайчоьнан прокуратурано кхеран гIуллакхна тIехула цхьа а гIулч ца яьккхинера. Цара чуделла кехат "кхин кара а ца дира".

"Суна цкъа а дицлур дац цара динарг, - дагалоьцу Тамарас. – Цара суна тIехь бинарг ницкъ бара, олийла ду-кх сан. Амма и дерриг а тIечIагIдан сан аьтто бац, со йоьлхуш, ас йитахьара бохуш, дехарш дешшшехь, цара палати чуьра араяьккхина сан йиша йоцург, кхин сан теш вац. ЧIогIа шога, дера яра соьца лор-йиша. Баккъал а, Iазап дара ас лайнарг".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG