ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьаьжа юккъе тоьхна вуьйр ву". Кадыров Рамзана кхерамаш туьйсу Закаев Ахьмадна


Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь.

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс.

Кадровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид – цо куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна де хьалха ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.

Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу элира кхелхинарш.

  • Дечкен-беттан 20-чохь Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртанна гергахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна амир Бютукаев а, цуьнца хилла 6 стаг а. Президентан Масхадов Асланан гонехь тIемаш бина а, хенан йохалла Ичкерин дуьхьалонан ницкъийн коьрте хIоьттина а стаг вара Бютукаев.
  • Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG