ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьрийтIехь йиттина журналистанна Тотров Русланна. Цхинвалехь йинчу гIелонах лаьцна дийцарна


Журналист Тотров Руслан
Журналист Тотров Руслан

Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчуьра политикан, юкъараллин дахарх лаьцна яздеш хуьлучу политологна, журналистана Тотров Русланна йиттина БуьритIехь еарин дийнахь.

Цо ша Кавказ.Реалиига дийцарехь, иза кафе чохь хилла, ши стаг чуваьлла, цунах летча. "Ма язде Къилба ХIирийчоьнан президентах лаьцна боьха хIуманаш, ма дийца доцург", - бохуш.

Балда а датIош, ши церг кагйина журналистан. Полици ю хилларг толлуш.

Хиллачух лаьцна комментари еш Бибиловн пресс-векалто аьлла, Къилба ХIирийчоьнан куйгалхочунна "хьашт дац бевзаш боцчу наха ечу критиках ша Iалашвар, лета а леташ-м муххале а". Векалтанна хетарехь, зуламхой Цхинвалерчу Iедална оппозицехь болчу нахах хила а мега, питана дан арабевлла.

  • Тотров Цхинвалерчу Театран майданахь лаьтта акци йовзуьйтуш хуьлу кху муьрехь прессехь – милицин изоляторехь веллачу Джабиев Иналан гергарнаш буьйлу цигахь митинге, цара декхаре до Iедал мехкан прокурор даржера вохон.
  • Джабиев велла дIадахначу шеран Марсхьокху-беттан 28 –чохь Цхинвалерчу полицин изоляторехь. Къилба ХIирийчоьнан куьйгалхочунна дина тIелатар толлуш лаьцна хилла иза. Цуьнан валар полисхойн карах хилла аьлла хета гергарчарна.
XS
SM
MD
LG