ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалой тIаьххьарнаш бара? Кадыровн дIахьедарш а, эксперташна хетарг а


Кху беттан 20-чохь Катыр-Юьртахь лерина операци дIаяьхьначу меттигехь ву Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а
Кху беттан 20-чохь Катыр-Юьртахь лерина операци дIаяьхьначу меттигехь ву Кадыров Рамзан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а

Нохчийчохь тIемалойн тIаьххьара бисна бен бохийна ша аьлла, кху деношкахь дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо чIагIдарехь, тIаьххьарчу леринчу операцехь ницкъахоша вийна тIаьххьара бухависна хилла ялх тIемало, шайлахь эмир Бютукаев Аслан а волуш.

Эксперташа-бакъоларъярхоша а, Кавказерчу хьолана тIехь терго латточу талламчаша а, Кадыровс санна, цхьана маьIнехь ца хадабо регионерчухьлан мах.

Цхьа хан-зама яьлча бен чIагIо йоллуш олийла дац, республикехь гIаттамхойн хIу дайъина аьлла ,хета ГIалгIайчуьрчу бакъоларъяран "Мемориал" центран куьйгалхочунна Акиев Тимурна.

"Хено гойтур ду, махкахь цхьа тIемало ца висина аьллачу Кадыровн дешнаш бакъ ду, йа дац. ТIемалойн жигараллех хьалха вайна хаьара, цара лелочуьнца - лелхийтарш, тIелетарш, герзаш деттарца. Амма тIаьххьарчу заманчохь полисхоша шаьш кхиаме операци ерзийна бохуш, зорбане йоккху информаци бен еша аьтто бац вайн", - боху Акиевс.

Бютукаевн тобанца боьзна нах стохка бIаьста дуьйна лоьхуш бара ницкъаллийн структураша, билгалдаьккхира бакъоларъярхочо: "Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, оцу тобанан цхьацца долчу гаран тобанхой, цкъа хьалха ГIалгIайчохь а, цул тIаьхьа Нохчийчохь а шаьш хIаллакдина аьлла. Амма, цхьанхьа а информаци яц, цара тIелетарш я терроран тохарш динера аьлла. Шаьш лоцучу хенахь дуьхьало яр доцург, кхин цара динчух дуьйцуш дацара".

Нохчийчохь кхин гIаттамхой бисна бац аларх, полисхой бан болх боцуш буьсур бу аьлла ца хета Акиевна: "Цхьацца лелачу нахаца, йа "тийначу гаранашца" къийсам латтор бу цара кхидIа. ПаргIатоне сатуьйсучу, дукха хенахь дуьйна дерриг а дIанислур ду бохуш, вайна чIагIонаш йинчу регионехь, гIоьртина хьал лаьттар ду".

Дуьххьара дац Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен зевне оцу кепара дIахьедарш ден. Терроризмна тIехь хадам боллу толам баьккхина шаьш бохуш, кхийкхон дикка хан а ю аьлла, дагадаийтира Къилбаседа Кавказан эксперто Сулейманов Эмиля.

"Кест-кеста дIахьедо Кадыровс, Нохчийчохь терроризм эшон ницкъ кхаьчна шен бохуш. Республика меттахIотторехь а санна, оцу тIехь а шен ка яьлла аьлла хеташ ву иза. Со тешна ву, цхьа а тайпа бахьана а доцуш, бина кхайкхам бу хIара", - аьлла хета Сулеймановна.

Эксперт тешна ву, таханалерачу дийнахь вовшахтоьхна гIаттамхойн тоба Нохчийчохь яц аьлла: "Цхьа хан мел йолу тIеман патрулашна, йа полисхошна тIелетарш до, амма царна тIехьа лаьттарш мажош йоцу кегийрхой бу, шайгахь герзаш доцуш, тIемашкахь дакъалаьцна цхьана а кепара зеделларг а доцуш. Лерина вовшахйиттина тобанаш яц цигахь, гучу суьртаца, тIаьххьарчу иттех шерашкахь а".

Къилбаседа Кавказера хьал толлучарех цхьахволчун хьажамца, шен цIе яккхийта ца лиира цунна, шен режимна дуьхьал болу нах бойъу Кадыров, ша пачхьалкхана муьтIахь хилар къасто гIерта, ша юха а карла а воккхуш.

"Москвана гергахь хеставала лелош ду аьлла, цу тIехь соцур вацара со, - кхетадо эксперто. - Муьлхха а бинчу балхах мах богIу, къаьсттина, юьйцург Москва а, Соьлж-ГIала а елахь, муххале а. Вай кхеташ хила деза, керла шо доладелла, республикана ахча оьшу. ТIемалой байъар - и доккха бахьана ду Кадыровна мах белла ца Iаш, Москвара кхин а ахча оьшуш хилар къадо".

Кадыровн дIахьедар иштта цо дузу, Нохчийчу вогIучунна махкахь паргIато ю ала гIертарца а: "Пандемино гайтина, чуьра туризм хьуна лаахь а, ца лаахь а, гIарайолуш хилар. Оьрсийчоьнан бахархойн иэсехь, дайн аьлча, Нохчийчоь тахана а кхераме мохк бу. Вуьшта, тIемалой байъарх ситуаци кхин дIоггара хийцалур яц цигахь: сервис кхиийна яц, ша туристикан инфраструктура а санна. Кавказе оьхучу дукхахболчу туристашна гIоле хета БуьритIе а, Къилбаседа ХIирийчоьнан гонахара меттигаш а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а курорташ, ткъа Нохчийчоь гена ю шуьйрачу туризмна".

Free Russia Foundation тобанан талламхочунна Соколов Денисна хетарехь, бакъйолу къайлах лела тобанаш Нохчийчохь йоцу дикка хан а ю: "Цхьаммо ма-аллара, цигахь вийна Бютукаевн тобанера ялх стаг - уьш тIемалой бацара, уьш обаргаш бара. Бютукаевс ДаIишна байIат динчул тIаьхьа диъ шой ах шой дIадаьлла, оцу заманчохь тIаьххьара бисина партизанаш бевллера меттигерчу бахархойн гIоьналлех а, мацах цаьргахьа хилла, тахана эмиграцехь бехачийн доглазарх а. Царна хаьара, лаьмнашкахь хьулделла, кхин агIончаш а боцуш, тIеман говзанчаш а, йа кхачам боллу тIеман гIирс а боцуш лелар маьIне доцийла".

Соколовна хетарехь, хIинца баккъал а Кадыровн режиман коьрта проблема гIаттамхой бац, нохчийн къам ду: "Дерриг дуьне даьккхина баьржинчу, шайн гергарчарна тIера а, шайх а чIир эца хьаьгна бехачу миллионе кхоччуш болчу нохчашна дуьхьалхIотто терахь эшаме ду, хIунда аьлча, царех масех бIе бен тешаме цахиларна".

Махкахь паргIато латторах йолу Кадыровн Iалашо, оцу доллучо а чолхе йоккху, боху эксперто: "Цундела эскаран коьртерчу лакхарчу хьаькамо республикехь къепе латтайе аьлла, хьалха хIоттийна Iалашо кхочушъяр кху хенахь къаьсттина билгал ю, ша Путинан а, Кадыровн а юкъара мисси ерзор санна. Кадыровхоша республикехь лелочунна кхин дIа хир яц формале бехказлонаш. Оьрсийчохь а, Украинехь а экономикан конфликташ криминалца ерзорехь, кхин дIа бахьанаш дац Кадыровн гонна кIел теIа, Делимханов Адамна тIера Кротов Павелна тIекхаччалц. ТIаьххьара гIаттамхойн тоба хIаллакъяр - муха хир ю-те Нохчийчоь Путин а, Кадыров а воцуш боху ойла ян бахьана ду".

Материал оьрсийн маттахь еша кхузахь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG