ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь лаьцна Навальныйн штабан координатор, хьаьвсина цуьнан адвокатан цIийнах


Еарин дийнахь полисхоша лаьцна оппозиционеран Навальный Алексейн Краснодарерчу штабан координатор Панченко Анастасия. Мэрино магийна йоцчу Навальный лацарца доьзна шоьтан дийнахь ерриг а Оьрсийчохь дIаяхьа кечъечу протестан акце нах кхайкхар до цунна бехке.

Цул сов, полици хьаьжна Панченкон адвокатан Беньяш Михаилан цIийнах.

Панченкона низамаш талхорна хIиттийна административан жоьпалла такхарх долу документаш. ГIуллакх луьстур ду Краснодарерчу Ленинан кIоштан кхело, тоха тарло 30 эзар соьме кхочу гIуда.

Амма ша лоцучу муьрехь Краснодарерчу Навальныйн штабан координатор кхиина бахархошка кхайкхам бан. "Ас массаьрга а доьху 23-чохь акце арабовлар. Жигархой лецарца цара гойту шаьш нах урамашка бовларх кхоьруш хилар", - аьлла Панченкос.

Хьалхо Навальныйн Краснодарерчу штабо хаийтира, шаьш лецарна кхоьруш, Беньяша а, Панченкос а нахехь хан хьош хиларх лаьцна. Амма полисхой тIаьхьакхиина и шиъ лечкъина дехачу меттигашна. Беньяш волчу хIусамах хьовса баьхкинчу полисхоша даьккхина бахьана ду цигахь "тапча лачкъийна волу цхьа хьанех Тимохин веха", аьлла. Амма дIаяьхьина Iедалхоша ши ноутбук, амма ца карийна «лоьху» тапча.

XS
SM
MD
LG