ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь полицино лаьцна латточу 14 шо долчу йоIан нанас гIо дехна Кадыровга


14 долчу Сейидова Жасминин нанас Гюльнарас видеокхайкхам хьажийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Зудчо доьху шен йоI маьршайоккхуш гIодар. И дехар шен агIоне хIоттийна Телеграмерчу 1ADAT канало.

Сейидова Гюльнарас дийцарехь, цуьнан йоI ядийна – иза дIайигна Соьлжа-ГIаларчу Октябран кIоштарчу полицин белхахоша, амма ца дитина иза лацаран хьокъехь цхьа а кехат, лаьцна латтайо 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь дуьйна.

Зудчо бахарехь, Октябран кIоштарчу полицин бехктакхаман декъан куьйгалхочуьнца Анзорца а, полицин буьйранчин гIовсаца Сулиманца а – фамилеш ца евза цунна – цхьаьнакхетта иза, шен йоI Жасмина лаьцна ши де даьлча. Цара кхерамаш тесна цунна, дихкина адвокат лаца а. Амма дош делла йоI Керла Шо тIекхачале мукъаяккха.

Керла Шо чекдаьлча полисхоша жоп доцуш йитина шайга Сейидовас етта телефон, цара дезаденош дахккале аьлла хилла цуьнга шайна тIе ма лела.

Полисхоша шега, ша царна тIеяхна йолуш, хаьттира, боху Сейидова Гульнарас, "хьо кхеттий чIир хIун ю?" аьлла. Цо доьху Кадыровга шен бер дIахецийтар, ткъа нагахь шайн доьзал лурбоьлла белахь, йоьIан метта ша лацар.

  • Хьалхо хаам баржийра Кавказ.Реалиин редакцино, 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIалахь лерина операци дIахьош 4 стаг вийна хиларх лаьцна. Iедало уьш тIемалой бара, боху. Оцу тIемасадалерехь велла Iедалан ши белхахо, цхьаъ лазийна.
  • 14 шо долу дагестанхо Сейидова Жасмина вийначу цхьана тIемалочун шолгIа зуда хилла, цо даредина ша нохчийн тIемалошца хилла хилар, аьлла дара полицино журналистийн хаттарна делла жоп.
  • 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIалахь байъинчу нехан декъеш коше дерзо дIаделира Iедало.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG