ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьа "хIумахуург" нахалаяьккхина Нохчийчохь


Архиван сурт
Архиван сурт

Нохчийчуьрчу Iеламчас Эльжуркаев Адама нахалаяьккхина Серноводскан кIоштарчу Аьхкинчу-Борзера 80 шо долу яхархо, цо ша "хIумахуург" ю бохуш, еххачу хенахь шена тIе нах лелийтарна. Хаам Instagram машанехула баржийна "Грозный" телеканало.

Сюжетехь гойтуш ю зудчо – Яхийта ю цуьнан цIе - шен "балха тIехь" лелош хилла коьчалш: дIаьIахкаш, чамхалгаш, якъийна буц. "Яхийтас и берриг а пал берийн бу, аьлла", - боху видеоматериалан автора.

Исламан дарбан центрерчу коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама дIахьедина, дино дихкина, доккха къалеташ хIума ду палтасар, аьлла.

Йоккхачу стага чIагIойина кхин иштаниг ца лело, нахе дехна цо шена къинтIерабовлар.

XS
SM
MD
LG