ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2020-гIа шо бюджетан дефицитца дирзина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а


Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь 2020-гIа шо бюджетан дефицитца дирзина шинахьа – Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, яздо РБК агенталло.

Ша даьккхинчу ахчанал 3% сов дайъина (бюджетан дефицит) Нохчийчоьно – иза ду 4,3 млрд сом. ГIалгIайчоьнан дефицит ю 1% я 0,4 млрд сом.

Ша гулдинчу ахчанах тоам хилла Ставропол-махканна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а (бюджетан дефицит 0%).

Буха ахча дуьсуш (профицитца) шо дерзийна Къилбаседа ХIирийчоьной (1% - 0,5 млрд сом), Дагестаной (1% - 1,6 млрд сом), ГIебарта-Балкхаройчоьной (4% - 2,I млрд сом) – шеран харжел сов бу царна хилла пайда.

  • Оьрсийчоьнан мехкех дукхахболучара (85 субъекташлахь 58-нно) бюджет ца тоьуш дерзийна шо, аьлла бу РБК-н хаам.

XS
SM
MD
LG