Дагестанера кхиазхочо Сейидова Жасминас кхо бутт сов хан яьккхина Соьлжа-ГIаларчу полицехь. Селхана Нохчийчу еъначу Дагестанерчу делегацига дIа а елла, хIинца шен цIахь ю иза.
Кавказ.Реалиига дийцира Дагестанерчу бакъоларъечу цхьаьнакхетараллийн координацин кхеташонан куьйгалхочо Хадулаев Шемала, йоI лаьцна яцара, полицин декъехь яра, шега долчу хеттаршна жоьпаш луш, аьлла.
"ЙоI Нохчийчохь ю аьлла социалан машанашкахь хаамаш баьржича, соьга масех стага дийхира цунна гIодар.Ас веха ца Iаш, телефон туьйхира Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочуьнга Даудов Мохьмаде. Цунна девзаш ца хиллера хилларг, амма дош делира хьал зен. Ас йоI бехкеяцар дIакъадийра, дийхира иза шен нене цIайигийтар, нохчийн агIо резахилира", - элира Хадулаев Шемала.
Цо дийцарехь, Сейидова Жасминин дац арз шен могашаллина а, Соьлжа-ГIаларчу полицехь шена латтийначу хьелашна а.
Ши де хьалха йоьIан нанас Гюльнарас видео-къамел хьажийра Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, шен йоI мукъаяккхийтахьара аьлла. Шен бер кхерамехь ду, шена а туьйсу полицино кхерамаш, кхо бутт бутт бу йоI шена ца гойту, бохура нанас.
- 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIалахь лерина операци дIахьош 4 стаг вийра. Iедало уьш тIемалой бара, боху. Оцу тIемасадалерехь велла Iедалан ши белхахо, цхьаъ лазийна. 14 шо долу дагестанхо Сейидова Жасмина вийначу цхьана тIемалочун шолгIа зуда хилла, цо даредина ша нохчийн тIемалошца хилла хилар, аьлла дара полицино журналистийн хаттаршна делла жоп.
-