ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан гIаланашкахь къевлина коьрта майданаш. Лоьцуш бу реза цахиларан акцешкахь дакъалаьцнарш


Ставрополехь, ХIинжа-ГIалахь, БуьритIехь полицино, некъан инспекцеша гоне лаьцна кхобу гIаланийн коьрта майданаш.

Кавказ. Реалиин меттигашкарчу корреспонденташа бечу хаамца, кху муьрехь гIаланийн центршкахь бац оппозиционер Навальный Алексей лаьцначуьра дIахецийта хIиттина протестан гуламаш.

БуьритIехь центр дIакъовла даьлла бахьана довзуьйту дIатоьхначу йозанаша – ремонт, амма цигахь хьашташ меттадалош болийна хилла болх бирзина бу масех бутт.

ПIераскана а, цул хьалхарчу а деношкахь Iедало хаамаш баржабора дай-наношка шоьтан дийнахь бераш цIахь совцор хьоьхуш.

Тахана протестан акцеш дIахьош ю Путинан Iедална резабоцу Оьрсийчуьра бахархой. Журналисташа бечу хаамаша гайтарехь, пачхьалкхерчу гIаланашкахь лецна 800 сов протестхой. Хиламаш бовзийта арабевлла журналисташ а бу лецначаралахь.

ХIицца къаьчначу хаамашца, ХIинжа-ГIаларчу а, Ставрополерчу а протестан акцехь иттаннашкахь нах лецна полицино.

XS
SM
MD
LG