ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзарнашкахь бара нах Къилбаседа Кавказерчу дуьхьалонан гуламашкахь. Лецнарш бу бIеннашкахь


Оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа а, пачхьалкхан куьйгалхоша ден къоланаш сецорехьа а, ерриг а Оьрсийчохь санна, гуламаш хIиттийра наха цхьаццайолчу Къилбаседа Кавказан коьртачу шахьаршкахь а.

Кавказ.Реалиин корреспондента бечу хаамца, Сочерчу протестан акце веанера лаххара а 500 вахархо. «Путин – къу!» хезара цигахь гуламхошкара. Лаьцна Сочехь лаххара а 80 стаг. Лецначаралахь яра "Новая газетин" корреспондент Костюченко Елена а.

"Полицин декъехь протоколаш ду хIиттош, со сихха дIахийцира. Сочин Центран полицехь 79 стаг ву лаьцна", - яздина Твиттерехь журналиста.

XS
SM
MD
LG