ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь велла уьнах 26 дархо. Вирус кхетта 1 022 стагана


Т1аьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 26 пациент, ун къаьстина кхин а 1 022 стагаца.

Оперативан штабан информацица, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 19 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь – кхоъ, ГIалмакхойчохь – шиъ, Дагестанехь – цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла 6 709 дархо.

Къаьсттина дукха бу уьн даьлларш Ставрополан кIоштахь – 237 стаг.

  • Ставрополан мохк + 237 (41 090 ву ун даьржичхьана)
  • Краснодаран кIошт+ 198 (32 543)
  • Дагестан + 139 (27 352)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 90 (18 245)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 74 (14 043)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 73 (17 151)
  • ГIалмакхойчоь + 72 (16 968)
  • Адыгей + 56 (12 746)
  • ГIалгIайчоь+ 45 (13 706)
  • Нохчийчоь + 38 (10 582)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун даьлла ву 25 224 дархо. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву коронавирус токхуш 3 738 690 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG