ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цуьнан проблемаш ерзор ю ца аьлла цо". Делимхановс аьллачух комментари йитина Селимхановс


Дахначу шоьтадийнахь Iедалхошкара бакъо йоцуш Москвахь хIоттийначу митингехь летарна полицино лоьхучу жимчу стагна "шайга далун гIо дийр ду" бохург дара. Нохчийчоьнана цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волчу Селимханов Мохьмада иштта комментари йитина шен коллегас Делимханов Адама, "Iедалца долчунна гIо дийр ду" Кадыров Рамзана аларх лаьцна.

"Цуьнан проблемаш ерзор ю ца аьлла цо. Массо а агIор накъосталла дийр ду аьллера. "Iедалхоша гIо дийр ду" а, "проблема ерзор ю" а бохург тайп-тайпана маьIна долуш ду, дуй? Думан депутаташ тхаьш хиларе терра, тхан декхар ду, бакъо а ю иштачу хьелашкахь нисбеллачу бахархошна гIо дан", - аьлла, дIахьедина "Национальная служба новостей" агенталле депутато.

Селимхановс ца дийцина, муха таIзар дан догIу жимчу стагна, нагахь санна, митингошца иза хиллехь. "Цо ша хIун олу хьовсий вай", - аьлла, дерзийна цо шен къамел.

Baza телеграм-канало хаамбарца, 20 шо долу Нохчийчуьра Джумаев Сайд-Мухьаммад ву митингехь омонхошна дуьхьало йинарг. ОМОН-ан эскархойх иза леташ дIаязйина видео ютьюбера дIаяьккхина.

Карладоккху, оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа дахначу шоьтан дийнахь хиллачу акцехь дакъалаьцначу нохчийн кIантана гIо дийр ду ша аьлла Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адама, нагахь санна, шен политикан позицина иза юкъарвалахь.

"Нагахь санна, ахь церан позици тIеэцахь, цхьаннах а ида а ца уьдуш, царна тIаьхьа дIаваха веза хьо. Тхуна хаьа хьуна а, хьоьца болчарна а хIун дан деза. Нагахь санна, хьо церан хьежамашца вацахь, Рамзан-Хьаьжас, вайн паччахьо аьлла, низамех хьакхалучу агIор шаьш хьуна гIо дийр ду, хьо гучувалахь", - аьлла Делимхановс инстаграмехь бинчу видеокхайкхамехь, яздо "Медиазонас".

Дупутато юьйцу позици ю, "митингхоша къобалдеш хилар боьршачу стага борша стаг маре вига могуьйту" низамаш.

"Хьан деца къамел хилла тхан, нагахь санна, и позици хьо тIеоьцуш вацахь, нагахь санна, хьо нохчо а, бусулба а велахь, ахь яздийр ду тхан директе, йа тхоьца зIене вер ву хьо", - боху Делимхановс. Цо бахарехь, иштта цуьнца Москварчу университетехь доьшучу берашца а, цуьнан бевза-безачаьрца а къамел хилла церан.

"Матросская тишина" олучу Москварчу талламан изоляторехь латтош ву Навальный Алексей, Чиллан-беттан 2-чохь хинйолчу кхеле хьоьжуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG