ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полици: Соьлж-ГIаларчу ФСБ-н гIишлона тIелата Iалашо хиллера Бютукаевн тобанан


Гайтаман сурт

Карарчу беттан 20-чохь Нохчийчохь дIахьочу леринчу операцехь байъина гIаттамхой Соьлж-ГIаларчу къайлахчу сервисийн (ФСБ) гIишлона тIелатар дан кечлуш хилла. Кадыров Ахьмадан цIарахчу леринчу полицин полкан командиро Чалаев Замида дина оцу кепара дIахьедар.

"Операци дIаяьхьначу меттигехь церан йозанаш карийна тхуна, Бютукаев Асланан тIоьрмиг чохь. Цу тIехь билгалдаккхарца, ФСБ-н гIишлона тIелата Iалашо хилла церан", - аьлла цо журналисташка. Иштта Чалаевс дийцарехь, Бютукаевн тоба лечкъина Iийначу лаьтта бухара меттиг суьртийн гурашца билгалъяьккхина хиллера цара. Стохка ГIадужу-баттахь дуьйна цигахь куп тоьхна Iаш хиллера уьш.

Дагадоуьйту, Нохчийчохь хIаллакйина тIемалойн тIаьххьара тоба, шеца амир Бютукаев а волуш, дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дахначу кхаарин дийнахь. Лерина операци дIаяьхьнера Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртахь.

"Дукха хан яра лерина операци Iалашоне йиллина. Ас айса дакъалаьцна иза кечъеш, говза кхочушйина операци цуьнан куьйгалхочо Чалаев Замида. Бандтобан шозза аьтто белира, тIом ца беш, къелхьаръяла. КхозлагIа араяьллачу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарх йолчу полках къайла ца бовлабелла уьш", - яздира Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Цо бахарехь, президент Путин Владимир хууш хилла кечъечу операцех лаьцна, цо буьйцуш хилла нийса некъ, хьехна дараш доцуш гIуллакх чекхдаккхар.

Кадыровс дийцарехь, байъинарш бу махкара тIаьххьара тIемалой, евзина царех цхьаболучийн цIерш.

Бютукаев Аслан вина 1974 шарахь Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь. Хилла президентан Масхадов Асланан куьйга кIел. 2013-чу шарахь, «Кавказ Имаратан» баьчча Умаров Докка вийча хIоьттира цуьнан метте.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG