Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман гIоьнчас Лазина Татьянас дийцина, оппозицин политикехьа Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхошца летта хилла нохчо шегара даьллачунна дохковаьлла хиларх. "Подъем" ресурсо бина цунах лаьцна хаам.
Де хьалха Делимханов цхьаьнакхетта хилла Джумаев Сайд-Мухьаммадан деца-ненаца. Цара чIагIдарца, Навальныйна тIаьхьахIоьттина вац шайн воI, цигарчу акцехь а ларамаза нисвелла ву иза аьлла.
"Джумаевн деца-ненаца къамел дина Делимханов Адама. Цара ма-дарра дийцина хиллачух, и кIант цигахь ларамаза хиларх а. Оппозицин политик, йа цуьнан хьежамаш къобалбеш хиларца доьзна дац и. Шегара даьллачунна дохковаьлла иза", -аьлла Лазинас.
Цул совнах, депутатан гIоьнчас кхетийна, шен кхайкхамехь Делимхановс аьллачух а.
"Жимчу стага низам дохийна хиларе терра, кхузахь Делимхановс хьахийнарг юридикан гIоьналла ду, масала, цаторийла хилахь, адвокат лацар", - кхетийна Лазинас.
Карарчу заманчохь Джумаев нохчийн Iедалхошца зIене ваьлла вац, полицино лоьхуш ву иза.
Оппозиционер Навальный Алексей набахтера арахецарехьа дахначу шоьтан дийнахь хиллачу акцехь дакъалаьцначу нохчийн кIантана гIо дийр ду ша аьлла Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адама, нагахь санна, шен политикан позицина иза юкъарвалахь.
"Нагахь санна, ахь церан позици тIеэцахь, цхьаннах а ида а ца уьдуш, царна тIаьхьа дIаваха веза хьо. Тхуна хаьа хьуна а, хьоьца болчарна а хIун дан деза. Нагахь санна, хьо церан хьежамашца вацахь, Рамзан-Хьаьжас, вайн паччахьо аьлла, низамех хьакхалучу агIор шаьш хьуна гIо дийр ду, хьо гучувалахь", - аьлла Делимхановс инстаграмехь бинчу видеокхайкхамехь, яздо "Медиазонас".
"Матросская тишина" олучу Москварчу талламан изоляторехь латтош ву Навальный Алексей, Чиллан-беттан 2-чохь хинйолчу кхеле хьоьжуш.