ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тIелатар динчун дов хоттур ду кхелехь


2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чу дийнахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехке вечу Ганиев Рустаман гIуллакх кхеле дIахьажийна аьлла хаамбо Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Талламчийн версица, тIеман баьччийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цо. Хьежа а деш, нийса герз детташ хилла цо десантхошна тIе. Официалан зерашца, хIетахь вийра 84 эскархо, веанна чевнаш йира.

Ганиев Рустам бехкево: зуламан тобанехь дакъалацарна а, герзашца тIелетарш дарна а, эскархой байъа Iалашонца, кIелонаш ярна а.

Хьалхо кхин а 14 стагна таIзар дира, яккхий хенаш а етташ, вара царлахь Украинера Малофеев Александр а.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, т1ехь Iазапаш а латтош, бехкаш тIеоьцуьйту оцу нахе аьлла.

Нохчийчохь 2000-чу шарахь тIамехь беллачу Псковерчу десантхошна ЖIар хIоттийра Нохчийчоьнан Iедалхоша дахначу шарахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG