ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хьал: 38 дархо веллла, 982 стагана ун даьлла


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан инфекцех кхелхина 38 дархо, ун даьлла кхин а 982 стагана. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран махкахь велла COVID-19 вирусах 20 стаг, Ставрополан кIоштахь – ялх, ГIалмакхойчохь – кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а шишша велла, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла.

Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавкахехь уьнах хьалха ца ваьлла 6 747 коронавирус кхетта стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 235 стаг.

  • Ставрополан мохк + 235 (41 325 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIошт + 195 (32 738)
  • Дагестан + 110 (27 462)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 89 (18 334)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 73 (14 116)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 89 (18 334)
  • ГIалмакхойчоь + 71 (17 039)
  • Адыгей + 50 (12 796)
  • ГIалгIайчоь + 38 (13 744)
  • Нохчийчоь + 32 (10 6I4)

Къилбаседа Кавказехь таханалерачу дийнахь 26 206 стаг ву COVID-19 вирус токхуш. Оьрсийчохь, оперативан штабан зерашца, тахана, Дечкен-беттан 26-чохь коронавирусца ву 3 756 931 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG