ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь лаьцна хиллачу гIалгIайх кхоъ маьршаваьккхина


Мисарахь латтош болу студенташ арахецар доьхуш, Парижехь хIоттийна митинг

Экстремизмна бехке бу аьлла, 2018-чу шарахь Мисарахь шеконашца лаьцна, набахтехь латтийна Оьрсийчоьнан кхо вахархо Оьрсийчу кхачийна. Оццул хан набахтехь йоккхуш, бехкаш тIе ца чIагIбина царна, дийцина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша.

"Тхоьга Мисарарчу Оьрсийчоьнан векалтера кхаьчначу информацица веа студентах кхаанна депортаци йина, воьалгIачун гIуллакх хIинца а дерзанза ду. Селхана делкъанна Домодедово аэропорте кхечира "Мисаран авиалинийн" кема. Цхьахволчу студентан паспортан хан кхачийна хиллера, консулаллехь керланиг даьккхина цунна, иза цIа валорхьама", - аьлла, хаамбина ТАСС агенталле, къаьмнийн а, конфессийн юкъаметтигийн а мониторинг ечу зорбан министраллан декъан хьаькамо Харсиев Мохьмада.

Иштта цо дийцина, 2018-чу шарахь лаьцна вигинчу пхоьалгIачу гIалгIачун кхолламах хIинца а хууш цахиларх. Москва балийначийн цIераш ца яьхна цо.

КъахIирерчу Аль-Азхаран университетехь доьшуш хилла бераш дара лецнарш: Плиев Рамазан а, Дзейтов Iела а, Аушев Илез а, Дугиев Хизир а. Кегийрой лецна пхи бутт ах бутт баьллачул тIаьхьа бен ца хиира, уьш КъахIирерчу набахтехь буйла. Дугиев шайн бехках вайна хилар тIе ца дуьту Мисаран Iедалхоша.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG