COVID-19 вирусах Нохчийчохь 106 стаг велла. Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоро довзийтина и терахьаш.
Тахана, Дечкен-беттан 27-чохь лаьттачу хьолаца, ерриг а 596771 тест ю йинарг, вирус толлуш. Царех 3275 йина тIаьххьарчу дийнахь-буса. Ун къаьстина 10 651 вахархочуьнца.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусан ун къаьстина 37 стагаца.
"9102 пациентна гIоле хилла, COVID-19 инфекцех кхелхина 106 дархо", - аьлла, яздо Роспотребнадзоро.