ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь кIант вайначу дагестанхочо орца доьху Кадыровга


Дагестанерчу Дербентан яхархочо Казимова Наргиза кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга, шен кIант Алиев Ниллан лохуш гIо дахьара аьлла. Стохка Чиллан-беттан 10-чу дийнахь тIаьххьара ненаца зIене ваьлла ву иза.

"Сан цхьаъ бен воцу воI лохуш, гIо дахьара ахь! Иза воцург сан кхин хIуммаъ а дацара. Суна хаьа, хьо дика стаг вуйла а, массарна а ахь гIо дойла а. Хьуна дуьхьал вацара иза", - боху Казимовас ша дIаязйинчу видео тIехь.

Нанас дийцарехь, Айдын цIе йолчу стага (хила тарло вуьйцург Мустафаев Сеидадин) Iехийна, Соьлж-ГIала вигинера Ниллан, карахь паспорт а доцуш.

Дербентера аравьлла Чиллан-беттан 9-чохь 30 шо долу Алиев Ниллан а, 35 шо долу Мустафаев Сеидайдин а, 62 шо долу Аскеров Хьаьким а 594 номер йолчу "Лада Калина" машенахь. Урхалла дийриг Аскеров хилла. ТIаьххьара уьш гина Чиллан-беттан 10-чохь "Турист" олучу хостелехь. Дагестанерчу полицино лехамашка белла уьш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга гIо доьхуш, цхьааллин пикет дIаяьхьира Казимова Наргиза. Соьлж-ГIаларчу маьждигна хьалха Мустафаев Сеидайдина цигаьрка а уьзуш, Кадыров Рамзанах лаьцна дастаме къамел деш яьккхинчу видеона тIехула къайлабаьхна хила тарло уьш аьлла, хеташ яра Казимова.

"Медиазоне" дийцина Наргиза, шен кIант шегара пурба а доцуш ваханера, тIаьхьо ша Соьлж-ГIалахь ву, Мустафаевс болх белла шена цигахь бан аьлла, телефон тоьхнера кIанта. Иза ший а петарш чухула кечъеш, белхаш беш вара.

Хостелехь а тIечIагIдина, шайн хIусамехь Дербентера кхо стаг сацарх. Амма ца дийцина, церан кхин дIа хиллачу планех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG