ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 41 дархо. Ун даьлла ву 953


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 41 стаг, ун даьлла хиларца билгалваьлла 953 вахархо.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 19 стаг, Ставрополан махкахь - ворхI, Дагестанехь - пхиъ, ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а шишша, Нохчийчохь а, Адыгейхь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 уьнах 6 788 стаг.

Ставрополан кIоштахь къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца ун даьлла нах - 232 стаг.

Ставрополан мохк+ 232 (41 557 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 194 (32 932)
Дагестан + 102 (27 564)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 89 (18 423)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 70 (14 186)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 72 (17 297)
ГIалмакхойчоь + 74 (17 113)
Адыгей + 48 (12 844)
ГIалгIайчоь + 40 (13 784)
Нохчийчоь+ 32 (10 646)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь вирус кхетта ву 206 346 стаг. COVID-19 ун даьлла ву Оьрсийчохь 3 774 672 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG