Москварчу университетехь доьшуш хилла, Навальный Алексейгахьа хIоттийначу акцехь ОМОН-ан белхахойх летта Джумаев Сайд-Мухьаммад лаьцна Псковн кIоштахь. Талламан комитете хеттарш дан валош ву, яздо Mash телеграм-канало. Иза лацар тIечIагIдина Baza телеграм-канало а. Оцу хаамийн ресурсан информацица, цхьаммо дIаттетича, охьакхетта лазийра ша, ткъа самаваьлча айса лелорих хууш вацара аьлла Джумаевс шен гергарчаьрга.
Беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош, хIоттийначу акцехь Джумаев омонхошца леташ яьккхина видео интерентехь яьржира. Полицино лаца кхайкхийра иза.
Хьалхо Нохчийчуьрчу Iедалохоша къамел дира цуьнан деца-ненаца, цуьнга шайна тIевола ала бохуш. Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама "низамашца" гIо дийр ду аьлла, тIелаьцнера, нагахь санна, Навальныйн позици цо йитахь.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?