ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Die Welt: Хангошвили вийначунна набахтехь дIовш дала дагахь хиллачух тера ду


Нохчийн тIеман буьйранча лаьттина Хангошвили Зеламха вийна аьлла, шеконашца лаьцначунна дIовш дала дагахь хиллачух тера ду. Немцойн Die Welt ресурсна еллачу интервьюхь дина иштта дIахьедар журналиста Кренинг Аннас.

Вуьйцург ву Оьрсийчуьра 55 шо долу Красиков Вадим, ткъа цо ша чIагIдарца, ву иза 50 шо долу инженер-гIишлошъярхо Соколов Вадим.

"Схьагарехь, набахтехь цунна дIовш дала Iалашо хилла. Кхелан процессехь мукIарло динчу тешо, 2019-чу шеран гурахь Красиков левинчу зуламан гIуллакхаш луьстучу полицин коьртачу комиссаро бина и хаам. Цо дийцарехь, Красиков кхерамечу хьолехь хиларна Моабит олучу набахтера тутмакхийн дарбан цIийне дехьаваьккхина, могуш воллушехь", - яздо Inopressa.ru. портало гочйинчу артиклехь.

Комиссаран информацина тIетевжинчу Die Welt ресурсо дийцарехь, Красиковна дIовш дала план хиларх хаам кхаьчна цаьрга, цхьайолчу къайлахчу сервисашкара. Ша кхерамечу хьолехь вуйла, хетарехь, Красиковна хууш хилла. "Иза кхоьруш вацара, цунна са ца гаттадора цо", - дагалоьцу комиссаро.

Тиргартенехь стаг вер толлучу кхелахойн кхеташонехь тоьшаллаш дина Хангошвилин йоIа Амирас. 2019-чу шарахь Марсхьокху-беттан делкъанна рузба дан маьждиге ваха дагахь хиллера цуьнан да.

"Суьйранна ялх сахьт долучу хенахь ден шолгIачу зудчо хаамбинера цуьнга, делкъанна 12 сахьт долучу заманчохь Малый Тиргартен олучу паркехь нохчо вийна аьлла. Фейсбукерчу цхьанна-м агIонехь дешна хиллера цо, цунна шена кхин дага а ца догIу. Цул тIаьхьа и зулам динчу меттиге яханера иза. Цигара юхаеъча зудчо хаийтинера цунна, вийнарг цуьнан да хилар", - яздо хаамийн гIирсо.

Полицин хаамашца, боццачу некъатIехула а ца воьдуш, кхечу агIор - Малый Тиргартен парк йолчу агIор ваханера Хангошвили оцу дийнахь. Цуьнан йоIа бахарехь, ламазан хан хила цхьа сахьт диссинчу хенахь араваьллера иза.

"Криминалан полицино хьалхо дийцарехь, Хангошвили цу дийнахь цхьаьнакхета лерина хиллера Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Саакашвили Михаилан хIусамненаца. Цуьнан йоIа бахара, цхьана дийнахь шен дас элира, кхечу махкара, Гуьржийчуьра, хьеший бу ша волчу бахка безаш, амма церан цIераш ца ехира цо аьлла. Цуьнан да волчахь кест-кеста хьошалгIахь хуьлуш хиллера Артур цIе йолу стаг а, цуьнан хIусамнана а", - яздо артиклехь.

Ресурсо карладоккху, Welt am Sonntag тобано дукха хан йоццуш бинчу талламца, вийна Хангошвили а, кхин а 18 стаг а Оьрсийчоьнан президентан "Iаьржачу тептарехь" хиллера аьлла.

"Тептаран Iалашо яра, оьрсийн Iедална дуьхьал болчу, эмиграцехь бехачу нохчашна бекхам бар. ТIаьххьарчу шерашкахь зуламаш деш хиларца Берлинца цхьаьна яра Стамбул а, Киев а",- яздо Die Welt гIирсо.

Масех кIира даьлча суьдхоша бовзуьйтур бу шаьш бина сацам.

Лурчаха Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира и зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.

Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.

"Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьллера Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG