ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хьал: 39 дархо велла уьнах, 957 стагна вирус кхетта


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 39 дархо, вирус хааелла кхин а 957 стагаца.

Оперативан штабан зерашца, Краснодаран махкахь велла 19 стаг, Ставрополан кIоштахь а, Дагестанехь в ялх-ялх пациент велла уьнах, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша, Кхарачой-Чергазийчохь - цхьацца.

Верриг а Къилбаседа Кавкаан регионашкахь велла COVID-19 вирусах пандеми яьржичхьана 6 827 стаг.

Къаьсттина дукха бу цомгаш нах тIаьххьарчу 24 сахтехь динчу лараршца, Ставрополан махкхаь - 234 стаг.

Ставрополан мохк̆ + 234 (41 791 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт̆ + 193 (33 125)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 89 (18 512)
Дагестан + 88 (27 652)
ГIалмакхойчоь + 81 (I7 I94)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 69 (17 366)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 66 (14 252)
Адыгей + 51 (12 895)
Нохчийчоь + 44 (10 690)
ГIалгIайчоь + 42 (13 826)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирсан уьнца ву верриг а 207 303 стаг. Оьрсийчоьнан Iедалхоша дийцарехь, Оьрсийчохь ву COVID-19 вирусца 3 793 810 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG