ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIедогIучу кхаа шерачохь Нохчийчохь кхин а 70 школа ян тIелаьцна


Кхаа рожехь доьшу бераш шина роже дерзон Iалашонца, тIедогIучу кхаа шерачохь Нохчийчохь кхин а 70 школа ян тIелаьцна нохчийн Iедалхоша аьлла, хаамбина республикерчу дешаран министралло.

Регионехь демографи кхуьуш хиларна, школашкара проблемаш ерзон ницкъ ца тоьъна шайн, боху министрааллан векалша.

"Кху тIаьхьарчу шерашкахь иттаннашкахь доьшийлаш йиллинашехь, кхин а тIе школаш а, дешаран корпусаш а ю хьалаеш. Махкарчу 15 кIоштахь дешархошна тоьаш бац меттигаш", - дийцина меттигерчу хаамийн гIирсашна министраллан говзанчаша.

Карарчу шарахь керла 21 школа йина ялийта лерина бу Соьлж-ГIалахь а, Гуьмсехь а, Устрадехь а, Хьалха-Мартанахь а, Ойсхарахь а, иштта кхин а ярташкахь а.

ТАСС агенталле министралло хаамбарехь, регионерчу 80 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG