ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ковидан" ахча даккха гIертара со". ГIалгIайчуьрчу лоьрийн гIо кхачочу станцин машенлелорхо тешна ву, ша бехке озон гIерта аьлла


ГIалгIайчохь лоьрийн гIо кхачочу Республикан центран хиллачу машенлелорхочо, 63 шо долчу Мархиев Исрапила дIахьедо, ша бакъо йоцуш балхара дIаваьккхира, коронавирусца болх бечарна кхачош долу ахча ца деллачаьрца дуьхьал вистхиларна аьлла. Цул тIаьхьа шен "белхан книжкана" тIера йоза администрацино хийцира боху цо.

"Сан "белхан книга" ас болх бечу заманчохь цаьргахь яра, ткъа со балхара дIаволуш юха ца елира соьга. ФСБ-но дIаяьхьна, белхан хенаца "харцо лелорна" аьлла. Официалехь а воцуш, ас Карабулакехь цхьанхьа болх бича санна, дуьйцу. Ас цкъа а цигахь болх бина ма бац, йа бина аьлла, йоза а ца хилла цу тIехь. Документан копи сан карахь йолуш ма ю. ФСБ а вахана, сайгара копи дIагайтира ас царна, цхьацца хеттарш дира соьга, амма копи юха ца елира цара а. Бух боцу белхан книга гайтира суна белхахочо Борисов Михаила, шинарин дийнахь ваханера со иза волчу. Бакъйолу сан киншка а схьа ца ло суна, шайгахь яц бохуш. Суна дуьхьал цара бехк баьккхина аьлла, хеташ ву со", - дийцина Мархиевс Кавказ.Реалиига.

ГIалгIайчуьрчу омбудсмено хаамбина Кавказ.Реалиига, Мархиевн проблемех хууш ду шайна, ницкъаллийн структурашка а кехаташ хьийсийна шаьш, кхечу балхара бохийначийн хьокъехь а санна аьлла. Амма, цкъачунна жоьпаш кхаьчна дац цаьрга.

Кавказ.Реалиис телефон туьйхира Борисов Михаиле, ша цхьа а талламаш беш вац аьлла, телефон дIаяйъира цо.

Хьалхо ГIалгIайчуьрчу сихаллийн гIо кхачочу станцин фельдшерша латкъамаш бира, шина баттана догIу "коронавирусан ахча" ца делла шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG