ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена бехк тIелаьцна Джумаевс


Дуьхьлоанан акцеш дIайоьлхуш полицин белхахошца тийсавелла 21 шо долу Джумаев Сайд-Мухьаммад къера хилла шен бехк хиларна. Цунах лаьцна хаам бо Mash telegram-канало.

Джумаев левеш яьккхина видео арахецна канало. Цу тIехь жимачу стага боху, ша хIунда лаьцна а хаьа шена, ша бехке хилар тIе а лоцу ша.

Гергарчу хенахь Москварчу Пресненски суьдехь сацам бийр бу иза лацар хьокъехь.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Москварчу университетехь доьшуш хилла, Навальный Алексейгахьа хIоттийначу акцехь ОМОН-ан белхахойх летта Джумаев Сайд-Мухьаммад лецира еарн дийнахь Псковн кIоштахь. Baza телеграм-каналан хаамца, цхьаммо дIаттетича, охьакхетта лазийра ша, ткъа самаваьлча айса лелорих хууш вацара аьлла Джумаевс шен гергарчаьрга.

Беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош, хIоттийначу акцехь Джумаев омонхошца леташ яьккхина видео интерентехь яьржира. Полицино лаца кхайкхийра иза.

Хьалхо Нохчийчуьрчу Iедалохоша къамел дира цуьнан деца-ненаца, цуьнга шайна тIевола ала бохуш. Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама "низамашца" гIо дийр ду аьлла, тIелаьцнера, нагахь санна, Навальныйн позици цо йитахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG