ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОМОН-н белхахойх тийсавелла Джумаев шайх дIахадийна цуьнан дехоша


Нохчийчоьнан парламентан спикерца Даудов Мохьмадца хиллачу цхьаьнакхетарехь, Москвахь полисхошна дуьхьал тийсавеллачу Джумаев Сайд-Мухьаммадан дехоша дIахьедина, иза цкъа а гина а вац, дуьненчохь вуйла а ца хаьара шайна аьлла.

"ХIинца сайна иза гайтича, суна вевзар вацар-кх иза. Иза винчул тIаьхьа шозза бен гина вац суна, хIинца цуьнан 20-21 шо делахь а. Нанас хьалакхиина ву иза, сан вешица дIакъаьстинчул тIаьхьа", - аьлла девашас Джумаев Абубакара. Сайд-Мухьаммадан шичас, шена иза вуйла хиина а дац боху.

Нагахь санна, и кIант шен нахаца уьйраш йолуш хиллехь, оппозиционеран Навальный Алексейн некъа тIе ваьлла хир вацара иза, боху Даудовс. Иштта, спикерна хетарехь, нохчий цкъа а ца лела митингашка, шаьш реза доцург юьхьа дуьххьал дIаолу цара.

20 шо долчу Джумаевн да-нана дIасакъаьстина хилла, иза жима волуш. Нанас, ГIалгIайчуьрчу Мархиева Лизас, хьалакхиина ву иза, яздо ресурсо.

Маршо Радионо яздира, кху беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьало ярх Джумаев Сайд-Мухьаммада. Видео интернетехула яьржинчул тIаьхьа полицино лехамашка веллера иза.

Еарин дийнахь лецира Джумаев Псковн кIоштахь. Оьрсийчоьнан дозанехула дехьа а ваьлла, Прибалтикехь къайлавала Iалашо хилла цуьнан. Джумаевс лелош хиллачу мобилан телефонца аьтто баьлла, иза волу меттиг билгалъяккха.

Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, куьйгашца а, когашца а жимачу стага шена тIе гIожамаш еттачу ОМОН-ан эскархошна дуьхьалоеш.

"Бакъволу къонах", "киборг бохуш, дуккха а комментареш йитира Сайд-Мухьаммадах баккхийбечу наха видеона бухахь.

Iедалшкара пурба а доцуш, хIоттийначу акцехь полисхошна тIе куьйгаш даьхьна аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллина Джумаевна дуьхьал.

Фейсбукан агIонехь петици яржийна нохчаша, Джумаев бехке вац, иза маьршаваккхар тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG