Еарин дийнахь Анапехь цхьа стаг вуьйш, кхаанна чевнаш еш хиллачу инцидентна бехке ву аьлла хетарг лаьцна. Краснодаран кIоштарчу талламан урхалло бина и хаам.
Заря эвларчу цхьана хIусамна гергахь 33 шо долчу зуламхочо тапча йиттинера меттигерчу веа вахархочунна. Кхоъ дарбан цIийне кхачийра, ткъа 34 шо дерг кхелхира.
"Интерфаксан" хаамашца, Заряхь доьдучу тезетахь хилла ю инцидент. Цига баьхкинчу криминалан авторитеташа юкъаметтигаш къесточу заманчохь дов даьллера. Цхьахволчо тапча а яьккхина, шеца девне ваьлларг вийра, цул тIаьхьа масех стаг лазийра.
Рен-ТВ канало хаамбарехь, вийнарг ву 34 шо долу К.Павел. Коьртах тапча тоьхна хилла цунна. Чевнашца ву Денис Н а, А. Андраник а, М.Владимир а.