ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молдавехь веха ГIалгIайчуьра вахархо дIавала кхерам бу Оьрсийчоьне


Оьрсийчоьне дIавала тарло Молдавехь веха ГIалгIайчуьра Акиев Руслан. Кавказ.Реалиига бина и хаам Украинан Лакхарчу Радан депутато Шараскин Андрейс.

Зуламхойн тобанашкахь лелла а ву, нах тIехь болчу автобусна тIелатар а дина цо бохуш, бехкево иза Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша.

"Билггал кхерам бу цунна, Молдавехь Iедал а керчина, политикехь хийцамаш боьлхуш лаьтташехь. Къайлаха сервисаш хийцар текхна дIадоьдуш ду, цундела там бу иза Оьрсийчоьне дIавала", - аьлла политико.

Ша а, Украинан парламентерчу шен белхан накъосташа а леринчу тергонехь латтош ву Акиев аьлла, тIетоьхна депутато. Цо бахарехь, Радехь хIинца а таро ца хилла церан комисси вовшахтоха, Акиев дIаваларан бахьанаш зен.

"Ишта нах Iалашбан дагахь комисси вовшахтоха лиънера тхуна, амма цхьа могIа фракцеша новкъарло йо, шайн векалш хьалха ца тотту. И хаттар къоман кхерамзаллех доллушехь, пачхьалкхан репутаци а, цунах болу тешам а боллушехь", - аьлла, билгалдаьккхина Шараскина.

Украинан Кхерамзаллин Урхалло, пачхьалкхерчу Инарла прокуратурин сацам кхочушбеш, Молдован каравелира ГIалгIайчуьра схьаваьлла, Украинерчу "Ушармин батальонехь" гIуллакх дина волу Акиев Руслан.

Урхалло (СБУ) пахьалкхан доза лардечу хьукмате дIавеллера Акиев, ткъа цо дIахьажийра Одессан кIоштарчу Молдован дозанерчу "Старокозаче – Тудор" хане. Документо тIетовжар до иза "Интерполехула" лохуш хилла хиларна.

Экстрадицех болчу сацамна Украинан низамо арздан кхачош болу аьтто а ца луш, дIавелла Акиев Молдова пачхьалкхан кара, чIагIдо хьасташа.

2018-чу шеран юьххьехь Киеверчу аппеляцин кхело лаьцначуьра дIахийцира Акиев. Иза хIуманна а бехке вац аьлла (иза лаьцнера 2017-чу шарахь цигарчу Днепран кIоштан кхелан сацамца).

  • Ша 2015-чу шарахь Молдовера ведира, цигара Iедал шена Оьрсийчу экстрадици ян кечлуш дуйла хиича, бохура кхелехь Акиев Руслана.
  • Ша аппеляцин кхело маьршаваьккхича, Акиев вахара Донбассерчу сепаратисташна дуьхьаллаьттачу "Ушармин батальоне".
  • Оьрсийчохь Акиев бехкево тIеман тобанехь леларна а, пассажирийн автобусна тIелатарна а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG