ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Москвахь эрна буьйлабелла лела кегийрхой даймахка берзор бу


Москва дIа а оьхуш, цигахь эрна буьйлабелла лела кегийрхой ша нийсачу новкъа баха цIа берзор бу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Болх лаха доьлху шаьш аьлла, Москва а бахана, цигахь деш-дуьтуш боцуш лела вайн махкара кегийрхой лоьхуш, уьш даймахка берзош болх кхин дIа а бан беза вай", - яздина Кадыровс шен "ВКонтактерчу" агIонехь.

Къаьсттина бан болх боцуш, эрна буьйлабелла лела кегийрхой харцахьачу новкъа бовла мега, царех "зуламхой, йа наркоманаш хила тарло" аьлла, билгалдаьккхина нохчийн куьйгалхочо.

"Ишта бераш вай цIа дерзо деза, - дIахьедина Кадыровс. - Цаьрца уьш кхетош къамелаш дан а деза, Нохчийчохь болх карон а деза".

Карладоккху, стохка Гезгамашин-баттахь Москвахь низамаш хьоьшуш, харцхьалелаш бара аьлла, цIабалийна Нохчийчоьнан бахархой, юкъарчу белхашка дIахьовсийна аьллераа церан гергарчу "Кавказский узел" агенталлу. Даймахка бигина дукхахболу кегийрхой къаьхкина социалан машанарчу жигараллех аьлла, дийцира Москварчу нохчийн диаспорехь а.

Ишта стохка Марсхьокху-баттахь а Москвара цIабалийначу, "наркотикан а, психотропан а препараташ муьйлуш" бара аьлла, лецначу кегийрхошца къамелаш дира пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а.

"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш бохура, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур болуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG