ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джумаевс дийцина, мича бахьанашца лата вуьйлира ша омонхойх


Москвахь Навальный Алексейгахьа болчу наха хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьал тасавеллачу университетан дешархочо Джумаев Сайд-Мухьаммада дийцина, шен девне валарх.

"Сан кхетам бацара, иштта доьрзур ду аьлла. Цхьанна а чов ян Iалашо яцара сан. Нахаца харцо лелош гира суна, гулбеллачех дIа а кхетта, со мохь бетта вуьйлира, тIаккха царех тасавелира. Цхьанадекъан сайн бехк хиларна къера ву со, хIунда аьлча, хIетахь дерриг а цхьа кхечу тайпа гора суна", - аьлла, дийцина Джумаевс "Московский комсомолец" газетан корреспонденте.

Москварчу Пресненскан кхело Зазадокху-беттан 23-чу кхаччалц лаьцна вуьтуш сацамбина Джумаев. Цунна бехкедиллина, Iедалан векална дуьхьал тасавалар, яздо "Новости" агенталло.

Кху беттан 23-чохь Москвахь Навальный дIахецар тIедожош хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьало ярх Джумаев Сайд-Мухьаммада. Видео интернетехула яьржинчул тIаьхьа полицино лехамашка веллера иза.

Еарин дийнахь лецира Джумаев Псковн кIоштахь. Оьрсийчоьнан дозанехула дехьа а ваьлла, Прибалтикехь къайлавала Iалашо хилла цуьнан. Джумаевс лелош хиллачу мобилан телефонца аьтто баьлла, иза волу меттиг билгалъяккха.

Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, куьйгашца а, когашца а жимачу стага шена тIе гIожамаш еттачу ОМОН-ан эскархошна дуьхьалоеш.

"Бакъволу къонах", "киборг бохуш, дуккха а комментареш йитира Сайд-Мухьаммадах баккхийбечу наха видеона бухахь.

Iедалшкара пурба а доцуш, хIоттийначу акцехь полисхошна тIе куьйгаш даьхьна аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллина Джумаевна дуьхьал.

Фейсбукан агIонехь петици яржийна нохчаша, Джумаев бехке вац, иза маьршаваккхар тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG